ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-но бехке йина Оьрсийчоь


НАТО-н инарлан секретаро Фог Расмуссен Андерса бехке йина Оьрсийчоь Украинин малхбалехь боьдучу тIамана юкъагIортарна. Цо «даьсса а ду, цхьа а мах болуш а дац» аьлла Москохо ша цу конфликтан декъашхо яц бохург. Расмуссена цунах лаьцна дIахьедар дина ПIераскан дийнахь, Украинера кризис бахьана долуш цIеххьана гулйеллачу НАТО-н кхеташонехь.
Къилбаседа Атлантикан ТIеман Альянсан куьйгалхочо дийцарехь, хIинца шеко а йоцуш гуш ду Оьрсийчоьнан эскархоша а, технико а Украинин доза хадийна хилар. Расмуссена бинчу хаамца, Оьрсийчоьно танканаш а, яккхийн тоьпаш а кхоьхьуйту Украинехь тIемаш бечу сепаратисташна. Цул сов, Оьрсийчоьнан эскарша герзаш детта Украинин эскархошна Украинин а, шайн а территори тIера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG