ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кечйеш бу Евробарт


Украинера кризис юхаерзо аьтто хир боцучу тIегIантIе йолуш ю аьлла, варе йина дуьненаюкъаралла Еврокомиссин гIантдас Баррозу Жозе Мунуэла. Украинин президентца Порошенко Петроца дагадовларш дIадаьхьначул тIаьхьа зорбанан конференцехь Боррозус дIахьедар дира, Евроберто керла санкцеш кечйеш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал аьлла.

Еврокомисиин куьйгалхочо билгалдаьккхира, Европа Украинера конфликт политикан некъашца дIаерзо лууш хилар. «Евробарт Оьрсийчоьнца конфронтаци ян лууш бац, ткъа керлачу «шийлачу тIамо» зе дийр ду ерриг а континентана» элира Баррозус.

Шен агIор Порошенкос емал дира Оьрсийчоьно Украинин интервенци яр, шайн территори тIехь хIинцале а эзарнаш Оьрсийчоьнан эскархой а, бIаьннаш танканаш а ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG