Нохчийн зударий ца боьлла я булур а бац шайна тIе зударий кхийларх. Амма церан пурба ца оьшу, вайн дайша ма-аллара, «ши хеча вовшахкхеттачу» къонахчунна.
ТIаьххьарчу шерашкахь ког баьккхинчохь кIезиг дац масалш, жимчохь дуьйна къахьегна, цIа дан гIерташ, кхерч бан гIерташ, набарх хьоьгуш, шена хуьйцуш йоха коч эца сом кхоош леллачу хIусамнанна, цIеххьана и паргIатйоккхуш, тухий тIе зуда ялош.
Бусалба дино йиъ зуда боьршачу стаган магош ю, бохуш, пайдаоьцу нохчийн къонахоша шайна дино магийначух. Амма кIес тухий, дуьту цара рогIера могIанаш: зударшна юкъахь хьайга нийсо ялур елахь, цхьабосса царна напха, терго латталур елахь, бохург.
Хуьлий –те нийсо? Ларавой-те нохчийн къонах шина я кхаа «тIамехь» толам латто?
Цу хеттаршна жоьпаш дала резахилира Маршо Радиона Хьалха-Мартанара ши зуда йолу вахархо Садулаев Ваха. Вахас ша музыкант ву боху, цундела эшна шена боху керла нускал а.
Iаьрба йоза ца девзачунна а хуур долуш ду, бусалба дино шен доьзал а белхош, церан хьашташ тергал а ца деш, цунна ницкъ а беш, лаха хьайн дегIана там, ца бохий.
«Варийлахь, йоI, боьрша стаг боьрша хила веза хьуна, ма къийсалахь цуьнца доьналла. Хьайн цIийнаден коган кIажа а хили яхалахь. Хьо дIаяханчу цIийнан сий делахь, хьайн децIенна эшам бай а», бохуш, хьехарш деш нохчийн оьздачу Нанас, керлачу хIусаме яхийтинчу йоьIан пусар а ца деш, мел дика иза елахь а, цуьнан дог дохош, керла нускал даладо цIийнандас.
Шел ирс долуш зуда ян а яц бохуш, йоккхаеш Сиржа-Эвлахь ехачу Садыкова Маретна дагахь доццург дуьхьалделира – тIе зуда ялийра цунна. Делахь а, яхь дIа а ца яла, оьздангаллах ца йоха, шен доьзалан дуьхьа еха иза. Ишта дуьйцу цо шен кхолламах лаьцна.
Зудчанна тIе зуда ялоран бахьанаш тайп-тайпана ду. Масала, къонахчунна тIаьхье йоцуш виса ца лаар, зуда могуш йоцуш, кхерч латто ницкъ боцуш йисар, зудчун а, майрачун а хьекъал, гIиллакх цхьаьна ца догIуш хилар.
Амма дуккха а нисло тахана Нохчийчохь, «ас-со» бохуш даккхий къамелаш а деш, дош ца лелачохь ахча а лелаш, къонахий, хьалха ялийначу зудчан пусар ца деш, доьзалан терго а ца еш, церан декхарийлара а бевлла лелаш. Цара ца йо ойла, шаьш дуьнентIе даьхначу берийн. Ткъа бехк буй-те, дийна да-нана а долуш, иштта байлахь дуьсучу берийн? ХIунда ду-те зударий хийцар, уьш дакъазабахар?
Веданарчу яхархочо Саидова Лубас ша дукха жима йолуш шена хезна цу хаттаршна жоьпаш, аьлла довзийтира уггаре коьртаниг.
Цхьана юкъахь Iедало тIедожорца кхуьлура зудчанна тIе зуда, амма олуш ма-хиллара, «Харц масал марзлуш хуьлу». Цундела тахана дуккха а ду масалш, чохь баа межарг а боцуш волчо а зуда ялайо зудчунна тIе. Шен доьзал кхаба таро а йоцуш, малонца вехачу цунна а моттало, зуда хийцича шен дахарехь дерриг а нислур ду.
Амма дукха а хеза къамелаш, корта хьавззинчохь зудчунна тIе зуда а ялийна, эххар а шегара ший а бале а яьлла, саготта хьийзачу къонахийн къамелаш а. Ткъа иза-м кхин тема ю...