Украинин малхбалехь герзаш деттар сацоран раж юкъаяьккхинчул тIаьхьа сепаратистийн йийсарера маьрша ваьккхина 648 Украинин эскархо. Украинин къоман кхерамазаллин кхеташонан векало Лысенко Андрейс бинчу хаамца, йийсарехь вуьсуш ву хIинца а 500 салтий.
Шинарийн Iуьйранна «Донецкан халкъан республика» олучу тобан векалша хаам бинера, шаьш шайн 36 стагах 36 Украинин эскархо хийца дагахь ду аьлла. Украинин кхерамазаллин сервисан векло Вовк Василийс дийцарехь, верриг а хуьйцучу нехан цIейозанна тIехь ву 300 гергга сепаратист.
Донбассехь тIеман операци дIахьош кхелхина 723 Украинин эскархо. Цуьнах лаьцна хаам бина тIеман министраллан векло Ноздрачев Алексейс. Къоман кхерамазаллин кхеташоно бинчу хаамца, байинчу эскархойн терахь ду 900 стаг.
Кху беттан 5-чу дийнахь сепаратисташца дийцарш дIахьочу Украинин а, ОБСЕ-н а, Оьрсийчоьнан а – векалийн тобано барт бира Украинин малхбалехь герзаш деттар сацор хьокъехь. Цу документаца а догIуш, шина агIоно хийца безаш бу йийсаре лецна нах, тIемаш хиллачу регионе дIакхачо дезаш ду гуманийтарийн гIо. Ткъа иштта мониторинг ян езаш ю герзаш деттар сацорна.