Сепаратистийн карахь долчу Донецкан а, Луганскан а мехкийн дакъошна «шатайпа статус» луш, низам тIеэцна Украинан Радано. Оцо кхаа шарна шуьйрра автономи кхачайо пачхьалкхан малхбаленна. Оцу низамца ерзо гIерта парламент оьрсех болчу сепаратисташца иккхина тIеман конфликт.
Иштта Евробертана Украина гергаюьгу документ а тIеэцна шинарий дийнахь. Луганскерчу а, Донецкерчу а Iедалшна Радано бакъо ло шаьш полицин ницкъаш вовшахтоха а, суььдхой харжа а, прокурораш хIиттон а.
Низамо магадо оьрсий алссам бехачу пачхьалкхан малхбаленна Оьрсийчоьнан регионашца экономикехула, синбахамаллехула зIенаш чIагIъян а. 3000 стаг а леш, инфраструктура йохийна лаьттачу пачхьалкхан декъехь машар хIоттош автономино гIодаре сатуьйсу дуьхь-духьал лаьттачу Украинан шина а декъо, хаамийн гIирсаша дийцарехь.