ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь хилларг теракт яц! Стенна?


Нохчийчоь-- Эккхийтар хиллачу меттехь, Соьлж-ГIала, 5ГIа20014
Нохчийчоь-- Эккхийтар хиллачу меттехь, Соьлж-ГIала, 5ГIа20014

Соьлж-ГIаларчу концертан зала хьалха Iожалхочо, ша а оьккхуьйтуш, полисхой байар теракт санна туьдийла дац аьлла даржийна Талламан комитето. ХIинццалц и санначу зуламех теракташ а баьхна, хIинца эккхийтар Iедало кхечу зуламийн могIара даккхар кхетош дац я юристаша а, я кхечу тергамхоша а.

Хилларг, Iедалан хьостанаша гайтарехь, иштта ду. Сарахь ворхI даьлча, Соьлж-ГIалин денна лерина концерт хила езачу метте а кхаьчна, концертан зала чуваха воьлла 19 шо долу жимастаг. Цунах шек а бевлла, иза дегI толлучу аппаратах чекхваккха полисхой боьллачу муьрехь, цо эккхийтина шеца хилла бомба.

Эццахь велла 4 полисхо, тIаьхьа дIаваьлла пхоьалгIаниг. Гаьргех кеп-кепара чевнаш хилла 12 полисхочунна. Ша бохаман фабула иштта ю.

Полицин урхалло билгалдоккху, нагахь санна и жимастаг концерте а кхаьчна, нахана юкъа а тарвелла, иккхинехь, зе долучул а дуккхаза а сов хир дара бохуш.

Беллачийн цIерш а йовзийтина. Уьш бу полицин эпсарш а, цхьа сержант а – Мальсагов, Бицаев, Сатаев, Шатоев, Арзамиев.

Эккхар хиллера, нах байинера аьлла доцуш, тIебаьхкинчу а, бухарчу а артисташа хIоттийна, чекхъяккхина шайн концерт.

ТIахьо мехкан администратора, оцу дийнахь ша вина 38-гIа де даздеш волчу Кадыров Рамзана шен кепехь довзийтина концертан зала хьалха нисделларг. Цо дийцарехь, шеца тапча а йолуш, тIевеъна стаг ша полисхойх ву моттийта воьлла. Ткъа талламан детектора тIевигича, иккхина. «ШайтIанаш дезчу дийнахь ян гIоьртина теракт чекх ца яьлла, ерриг а гIала ю шен де даздеш ю», - дIакхайкхийра Кадыровс.

Иккхинарг хан ялале вевзина талламхошна. «Старопромыслан» олучу кIоштера Мударов Апти ву иза, цара дийцарехь.

Амма. Кху деххачу шерашкахь цкъа а ца динарг ду хIинца махкарчу Талламан Комитето деш. Эккхийтар бехктакхаман кодексан шина артиклехь зуьйш а, толлуш а ду: «низамлардархойн дахарна тIекховдар» а, «низамехь а доцуш герз лелор» а. Ткъа ша даьккхина къастош ду Комитето, дина зулам теракт ша ца лору аьлла.

Оьрсийчоьнан а, кхечу пачхьалкхийн а юридикан Iилмано теркактца гойту массо а билгало йолуш ю Соьлж-ГIалахь динчу зуламан. Цунах ца олийла а дац теракт, бохуш ду тергамцийн цецбовлар.

Талламчин а, прокуроран а зеделларг дуккха а шерашкахь гудина волчу юристе, Москох вехачу адвокате Хадисов Масага хаьттира Маршо Радионо, стенах ала догIу терроран акт. Цунна иштта го цуьнан башхаллаш.

Мел мухха а делахь а, эккхийтарх теракт ца ала ойла хилла Талламан комитетан. Ткъа дуьххьара цунах и ца эриг ша Кадыров Рамзан нисло. Цо шозза-кхузза хиллачу бохамах лаьцна даржийна, теракт дан араваьлла Маударов шен хенна сацийна, цуьнан аьтто ца баьлла иза ян, аьлла. Ткъа пхи полисхо вер а, 12 лазор а теракт олучу дезачу зуламан могIара ца доккху Iедало.

Стенна?

Оцу хаттарна жоп иштта го юристна, Москохарчу адвокатна Хадисов Мусана.

Мударов Аптис дина эккхийтар (нагахь куьг бехкениг билггал иза велахь) теракте дIа ца кхаьчна зулам лара догIу Талламан комитетна а, администраторна Кадыров Рамзанна а гергахь.

Цхьа шатайпа хаттар хIоттало хIинца. Вайна лаахь а, ца лаахь а, къепедацарш, ерриг а Кавказехь а санна, лелаш ду Нохчийчохь а. Хьаннашкахь хуьлу, баккхий ца хилахь а, тIемаш. Болуш бу лаьмнашкахь тIелетарш дан а, иштта лелхийтарш дан а хьогам болу гIаттамхой. Цхьаммо а юха ца яьккхина йолучуьра Кавказан Имарат а.

Ткъа кхидIа хила тарлучу лелхийтарех ца ала яздеш дуй-те теракташ? Хийцалуш-м бац-те оцу зуламашка болу Кремлан хьажам? Цунна лиича, кхин цIе тилла а ма тарлой тахханалц тероран акт олуш хиллачу лелхийтарех, тIелетарех. Ткъа зуламан цIе хийцарх дайлой-те деш схьадогIу дараш?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG