ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шийла тIом" санна шийла юкъаметтигаш


Оьрсийчоьнан а, Iамеркин а юкъаметтигаш «бухе кхаьчна» аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Иза реза ву цу юкъаметтигех «шийла тIом» ала мегар ду бохучуьнца. Цхьаалин Оьрсийчоь партин «Гражданийн университет» олучу проектехь лекци йоьшуш, Лавровс элира, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш шелъяларан хан яхлур ю аьлла.
Лавровс дийцарехь, «Украинехь хилла сценарий» хила мегаш ю Молдовехь а, Приднестровьехь а. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрна хетарехь, Приднестровьен бакъо хир ю шен кхане билгалъяккха, нагахь Молдовано, ша цхьана а тIеман-политикан блокана юкъахь яц аьлла йолу статус хийцахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG