Кху деношкахь Урдунан махкахь дийцаре диллина уггаре коьрта хабар Турпал-Нохчо Арслан Ахьмад Iаладдин дIакхалхар ду.
Якам олий цIе йоккхуш хилла волу иза Урдунан лерринчу эскаран коьртехь хилла вара шен махкана уггар чолхе заманаш яьхкинчу шерашкахь.
Нохчийчуьрчу Гиланара Урдуне кхаьчначу нохяийн гаранах болчу доьзалехь Заркъе гIалахь 1941 шарахь вина а, цигахь кхиина а ву Якам.
1957-чу шарахь Урдунан эскаре лейтенантан даржехь балха хIоттира Якам. Жима волуш дуьйна эскархо хила лууш вара иза. Цо каде дIаболийра болх, таьжгенаш, дазораш доцуш. 1987-чу шарахь инарла-лейтенантан даржехь пенсе велира Якам.
Массо меттехь, Урдунна уггар чолхебеъначу муьрехь майралла а, къонахалла а гойтуш хиларна, оцу хенахь оцу заманарчу паччахьо Хьусайна, низамехь хуьлуш а доцуш, шозза "Урдунан Турпал" цIе елира Якамна, кхузза хеназа даржехь лакха а ваьккхира.
...Дийца дукха а ду Якамах лаьцна. Иза гоьваьккхина бара хIара ши хилам а.
1970-чу шарахь Урдунан Iедал дохон арабевлла зуламхой дIабохуш, шен са ца кхоош, тIом бира Якама лерринчу декъан коьртехь.
1976-шарахь Урдунера арабаьхначу зуламхоша цхьа террохойн тоба яийтира Урдунан цхьана хьешан цIа чохь маьрша нах закъалтна лаца. Цигахь Якама, хьешан цIийнан туьнталг чухула чу а ваьлла, дIабехира и терррхой .
Иштта дукха меттигаш яра Якама къонахалла гайтина, амма бусулба наха хIинца а диц ца до Якама Макка зуламхойх Iалашъяр. 1979-шарахь гIала воьссира, ша МаьхIди ву а бохуш, цхьа зуламхо - ДжухIайман Iутеби, шеца 200 террорхо а волуш. СаIуда Iаьрбийн эскаран карх ца делира зуламхой дIабаха. Урдунера орца дехча, Хьусайн- паччахьо Якам вахийтира Макка.
Нохчийн инарлас Маккичуьра цхьа тIулг а ца бохош, зуламхой байина дIабехира. Цу хенахь дуьйна зорбанан хьостанаша Якамах "Макка маьршаяьккхина Урдунан лом, Нохчийн къонах" олура.
Якаман воIа Iалаа шен дех лаьцна хIара къамел дира Маршо Радиоца.
Маршо Радио: Дала гечдойла шун дена!
Iалаъ: Дела реза хуьлда. Дарба дан Германе вуьгуш, кеман тIе а виллина, со охьавоьссича, тIаьхьа телефон туьйхира соьга цо. ТIаьххьара аьлла дешнаш дара: "Дела реза хуьлда шуна, сан бераш. Со реза ву шуна". ...Цуьнан дешнаша чIогIа собар дели тхуна.