ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Адам: Набахтера араваьлча, со догIане ладоьгIуш лаьттира...


Украина -- Одессерчу кхело Путин Владимир вен гIерташ хилла аьлла, лаьцна латтийна Осмаев Адам набахтера арахецначу сахьташкахь, 20Лах2014
Украина -- Одессерчу кхело Путин Владимир вен гIерташ хилла аьлла, лаьцна латтийна Осмаев Адам набахтера арахецначу сахьташкахь, 20Лах2014

Оьрсийчоьнан президетна дуьхьал терроран акт ян кечамбеш хилла аьлла, бехке а вина, лаьцнера Украинехь веха нохчо Осмаев Адам. И лацар дуккха а шеконаш кхуллуш дара. ХIинца эххар а Одессерчу кхело маьрша ваьккхина иза. Цуьнцгара интервью ийцира Маршо Радионо.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен гIерташ хилла аьлла цIен а кхоьллина Украинерчу набахьтехь валлош хилла волу Осмаев Адам маьрша ваьккхина.

Ши шо хьалха йоккха сенсаци а хилла хаамийн гIирсашкахула чекхделира, Украинехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен гIерташ хиллачу террорхойн бен гучубаьлла боху хаам. Цу хиламан орамехь лаьтташ дара, 20I2-чу шеран дечкен баттахь Одессерчу цхьана петарахь эккхар а хилла, цIе ялар. ХIетахь цу чохь кхо стаг - Осмаев Адам а, Мадаев Руслан а, ткъа иштта им диллина хила волу цхьа оьрсийн къомах волу церан накъост Пьянзин Илья а хиллера.

Мадаев Руслан цу эккхарехь хиллачу чевнех оцу сохьта кхелхинера, ткъа цул тIаьхьа жимма хан яьллачул тIаьхьа Пьянзиний, Осмаевий Iедалхоша лаьцнера. Аьлча а, цкъа хьалха лаьцнарг цу петаран хIусамда Пьянзин вара. Ткъа цуо динчу айкхаллин тIе а тевжина, цхьа бутт баьллачул тIаьхьа Осмаев Адам а лецира. Шена тIе тидам бохуьйтуш дара, тIаккхий бен Путин Владимир вен гIертарх а, терроран бенах а долу дIахьедарш шинна а пачхьалкхан къайлахчу сервисаш дIа ца долор.

Нагахь санна, Пьянзин Илья масех бутт баьлча Оьрсийчу дIавала Украинин Iедалхой кхиънехь, Осмаев Адамна уьш экстрадици йина йина бовлале Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхело дуьхьало а йина, Украинерчу набахтехь хан яккха висира иза. Цуьнан хьокъехь кхело сацам бина ца болуш, Украинехь Iедалан карчам а хилла, нийса бIостанехьа дирзина цуьнан гIуллакх.

ХIинца террорхо санна вийцина хилла волу и жима стаг, гарехь, нохчо хиларий, хьашт доцучу хенахь хьашт доцучу меттехь нисваларий бен, кхин бехке воцу, политикан тутмакх санна вийцаре ван волийра Украинерчу хаамийн гIирсашкахь.

Цуьнан хIусамнана Окуева Амина Майданехь гIаттам болабелча дуьйна схьа цу пачхьалкхан эскарехь лор санна болх беш хиларна а, хаамийн гIирсашкахь вуно жигара Адам маьрша ваккхарехь кампани йолийна лелаш хиларна а, амма уггаре а хьалха политикан хьал махкахь хийцаделла хиларна Адам зуламхо санна а ца гуш, Януковичан Оьрсийчоьнна муьтIахь хиллачу Iедалан закъалт санна лара волийра.

Эххар а ши де хьалха Осмаев Адам Одессерчу кхелан сацамна маьрша ваьккхира.

Маршо радион каделира дукхахан йоцуш тутмакх хиллачу, ткъа хIинца Украинин маршонехь къуьйсучийн могIаршка дIахIоьттинчу Осмаев Адамца къамел дан. Иштта дуьйцу цуо ша марша ваккхарх лаьцна.

Хьо маьрша ваьллчул тIаьхьа, набахтера хьо араваьлча, дуьххьара хIун дира ахь? Муха яра хьан маршонехь дуьххьарлера ойланаш а, гIулчаш а аьлла шега хаьттича, иштта элира Адама.

Ша лацарх а, шена тIекхайкхина хиллачу, ткъа цул тIаьхьа Оьрсийчоьнна Iедалшка дIавеллачу Пьянзин Ильях лаьцна иштта дуьйцу Осмаев Адама.

Ши шо сов хан яьккхина Осмаев Адама украинхойн набахтехь. Иза лацале хилла йолу Украиний, иза маьршаваьллчул тIаьхьа цунна арахь карийна Украиний – ши тайп-тайпана пачхьалкхе лара мегар ду. Оццул баккхий хийцамаш бу цигахь цу шина шарчохь хилларш. Хьуна муха карийра масех шарахь хьо ваьхна болу и мохк? ХIун хийцамашна тидам бира ахь уггаре а хьалха аьлла шега хаьттича, Адама элира, цу юкъана къоман кхетам вуно кхиинча санна хета шена аьлла.

Адам ша набахтехь волшехь а Украинехь лаьттачу хьолана тIехь тидам латтош вара. Украинхошка шайн маршо ларлур ю бохучунах шеко а яц цуьнан. Цул совнаха, иза тешна ву Укранехь маршо толар Нохчийчоьнна а, йоллучу Оьрсийчоьнна а беркате хир ду аьлла.

Кхин цхьа мехала хаттар ца делча ца йолура со Осмаев Адаме. Иза набахтера араваьлчул тIаьхьа даьллачу шина -кхаа дийнахь интернет машанахь лела доладелла цхьа эладитт: Адам а, цуьнан хIусамнана Амина а кесталгIа Шема тIаме дIадаха Iалашо йолуш ду бохуш. Иза бакъ дуй аьлла шега хаьттича, гIеххьа цецваьллера Осмаев Адам.

Путин вен гIерташ хилла аьлла харц цIе а кхоьллина, ши шо сов хан набахтехь яьккхинчу Адамна дика хаа маршонан мах. Цундела тамашийна а дац, цуо ша маьршачу дахарехь яьхна йолу дуьххьарлера гIулчаш маршонехь къуьйсучу агIор яхар, Украинин малхбалехь пачхьалкхан маршо а, бакъонаш а къуьйсучийн тобанех дIакхетархьама

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG