ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевна накъосталла дийр ду Вилнюсо


ТIедогIучу шина шарахь Украино а, Литвано а лелор йолчу юкъаметтигех лаьцна некъан карта тIеэцна Киевехь цу шина пачхьалкхан президенташа Порошонко Петрос а, Грибаускайте Даляс а. Цунах лаьцна хаам бина Украинин президентан зорбанан сервисо. Президентийн цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа хиллачу зорбанан конференцехь Порошенкос дIахьедар дира, шаьш барт бина цхьацца герзаш лур ду Украинин тIеман ницкъашна аьлла.

Иза баккъалла а гIо дар ду шайна бохуш вара Украинин президент. Амма цо ца элира билггала шайна луш дерг хIун герз ду. Цул сов, Порошенкос дийцарехь, Литвано шен территори тIехь Iамор бу Украинин эпсарш. Шен агIор Литван президенто Грибаускайте Даляс дIахьедар дира, деспотино а, олигархаша а, коррупци хиларо а динчу зенах хьалха яла Украина кIорггера реформаш оьшуш ю аьлла. Вилнюсо гIо дийр ду украинахошна элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG