ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченко Надежда дIахеца дагахь яц Оьрсийчоь


Украинера кемалелорхочунна Савченко Надеждина лаьцна кхобу хан баттана тIетоьхна Москохарчу кхело. Иштта, юхатеттина цо адвокаташа хIинццехь лаьцначуьра иза арахеца аьлла дина арз. Москох оршотдийнан кхелан ладегIаршка баьхкинера Савченко декъахь йолчу «Батькивщина» партин декъашхой а, Украинан Радера адамийн бакъонийн тергоечу комитетан куьйгалхо а.

Талламчаша бехкейо Савченко Надежда оьрсийн ши журналист Донбассехь вуьйш дакъалацарна. Зудчо дере ца до цунна. Адвокаташа тоьшалла до, журналисташ лечу сохьтехь иза оьрсийн сепаратисташ лаьцна кхобуш яра, цундела хуьлийла дац зуламан декъахь, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG