Iамерка а, Британи а дагахь яц Украинехь чолхе хьал латтош йолчу Оьрсийчоьнна шаьш беш болу Iаткъам гIелбан. Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду The Times газетехь Iамеркин президенто Обама Барака а, Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида аязйинчу артикл тIехь. Ши де даьлча Вашингтонехь цхьанакхета дагахь ву и шиъ.
Iамерко а, Евроберто а, кхечу пачхьалкхаша а цхьамогIа санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна дуьхьал ГIирма дIалацарна а, Донбассехь тIом беш болчу сепаратисташна гIо дарна а. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино далочу терахьашца, стохка Охан-баттахь дуьйна Укрианерчу конфликтехь вийна 4700 стаг. Москохо тIе ца дуьту ша Украинерчу сепаратисташна гIортор еш ю бохург.