ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маж – «зулам», ...ткъа иза ницкъаша яшар?


Адамийн духарца, юьхь-сибатан башхаллашца Iедало латабе тIом хедаш бац Нохчийчохь. Деношкахь Соьлж-ГIалахь лецна, йиттина, ницкъаша мажош дIа а яьшна, полицино дIахецна ши жимастаг, хаамбо «Кавказан Узел» агенталло.

Тешаша дийцарехь, ши кIант «шайтIа», «вахIабхо» ву аьлла, лецна хилла. ТIейогIучу заманахь кхин мекх а доцуш маж хецахь мегар дац аьлла, аьртачу гIирсаца яххьаш а цIанйина, арабовлийтина кегийнах. Шайн цIерш цайийцар дехна цара, я цхьаьнхьа а арз а ца дина, яздо хьостано

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG