ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченко Надежда латторан раж хийцар дехка бакъонашларъярхочо Масюк Еленас


Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Масюк Еленас кхайкхам бина шен накъосташка, Савченко Надежда лаьцна латторан раж хийцийта Iедашка дехардахьара аьлла. Цунна хетарехь, суд хиллалц иза латто мегар дара шен цIахь. Бакъонашларъярхочунна хетарехь, цу гIуллакхо дийна йита мегар Савченко. Еарин дийнахь Масюк Елена хилира «Матросская тишина» олучу Москох набахтехь.

Цигахь лаьцна латтош ю Савченко Надежда. Масюк дийцарехь, Савченкон могашалла вуно галъяьлла ю. 77 де ду Саченко мацалла хьогуш йолу. 15 де ду иза шена глюкоза тохийта реза ца хуьлу. Гергарчу хенахь иза яла мегаш ю аьлла дIахьедар дина Масюк Еленас. Кхаарин дийнахь Москох гIалин суьдо сацам бира Савченко Надежда кхин а кхаа баттахь набахтехь йита.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG