ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченко Надежда - Украинин Турпал


Оьрсийчохь набахтехь, мацалла а лаьцна, лечу хьоле кхаьчначу шайн эскархочунна Савченко Надеждина «Украинан Турпал» цIе кхайкхина президента Порошенко Петрос.

«Надежда украинахойн доьналла а, майралла а гойту, даймохк муха ларбан беза, лара беза гойту масал, вайца толам хиларан тоьшалла-васт ду», боху Украинан президента шен омри тIехь.

Москох «Мотросская тишина» набахтехь 80 де-буьйса даьлла Савченко Наждеждас кхачанах кхетаза, гIелллуш ю цуьнан могашалла. Дуьхьал ю мацалла сацо шен лоьро дехча а.

Украинан Лакхарчу Радин депутат стохка аьхка кхачийра Оьрсийчу набахте, цо Луганскна гергахь оьрсийн ши журналист вуьйш дакъалаьцна аьлла. Иза бакъ ца до Савченко а, цуьнан адвокаташа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG