ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин малхбалера хьал дуьйцуш ду Евроберто Ригехь


Шина денна лерина дагадовларш дIадолийна Латвин коьртачу гIалахь Ригехь Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрша. Латви карарчу хенахь куьйгалла деш ю Евробертана. Цу цхьаьнакхетарехь дийцаре деш долу хаттар доьзна ду Украинерчу конфликтаца.

Еарин дийнахь журналисташна хьалха йист хуьлуш Евробертан арахьарчу политикехула йолчу комиссаро Могерини Федерикас хаам бира, Украинин малхбалехь сепаратисташна гIортор ярна Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кхайкхорах лаьцна хаттар дийцаре дан дагахь ду шаьш аьлла. Могеринин зорбанан секретаро Косьянчич Майас дийцарехь, Евробертан 28 пачхьалкхан векалша дийцаре дийр ду Украинехь машарбархой дIатарбарх лаьцна долу хаттар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG