ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш севцца олийла дац Донбассехь


Дийнахь-буса 16-за машаран раж йохийна Донбассерчу оьрсийн сепаратисташа, хаамбина Украинан инарлаша. Минометийн хьоьънаш, гранаташ кхийсина Пески юьртана а, Красногоровка, Авдеевка, Опытное, Водяное г1аланашна а тIе. Вийна-ваьккхина стаг ву аьлла дац хаамашкахь. Цул совнаха, чохь лелорхо воцу 9 кема а хааделла украинахошна шайн эскарш лаьттачу меттигашна тIехула.

Ткъа Донбассерчу сепаратистийн куьйгалхоша дIахьедина, шайн позицешна тIе герзаш диттина Украинан эскарша 25-за, аьлла. Донецкана йистошца хезаш дара яккхий тоьпаш юьлуш оршотдийнахь а. Луганскерчу сепаратистийн декъо шаьш долчохь хилла яц цхьа а инцидент, боху хаамийн гIирсашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG