ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенко: Украинин малхбалера конфликт йоьрзуш дIайоьрзуш ю


Украинин малхбалехь цхьа эскархо лазийна даханчу дийнахь-бусий, сепаратисташа герзаш а тоьхна. Цунах лаьцна хаам бина Украинин контртерроран операцин штабан векло Лысенко Андрейс. Украинин агенталлаш хаам бо Шоьтан буса сепаратисташа 6 йохийла хиларх лаьцна герзаш деттар сацоран раж.

Украинин президенто Порошенко Петрос ПIераскан дийнахь Украинин «1+1» телеканалана еллачу интервьюхь дIахьедар дира, мехкан малхбалехь конфликт йоьрзуш дIайоьрзуш хиларх лаьцна.

Оццу хенахь Порошенкос элира, нагахь тIемаш юха а дIадуьйлалахь, Украинина оцу сохьта кхузаманахьлера герз лур долуш ду аьлла. Порошенкос дийцарехь, цу хьокъехь Киево барт бина Европерчу 11 пачхьалкхаца. Цо юьйцурш билггала муьлха пачхьалкхаш ю хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG