ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вийнарш нохчий бу бохург шеконе дуьллу наха


Оьрсийчоь --Немцов Борис вийначу метте зезагаш дохку наха, Москох, 9Заз2015.
Оьрсийчоь --Немцов Борис вийначу метте зезагаш дохку наха, Москох, 9Заз2015.

Политик-оппозиционер Немцов Борис вер нохчийн ницкъахойн куьг-бехкалле дуьллу Оьрсийчуьрчу таллачаша. Амма ца теша Немцов даима а шайх доглезна а, шайн махкахь боьлху тIемаш Кремле совцабе бохуш лелла хиларна а оцу версех Нохчийчуьра бахархой.

Iаламат дукха нохчашна чIогIа дазделла, хьалхарчу тIамехь дуьйна шайна виллина орцах вийлина политик, Оьрсийчоьнан куьйгалхой собаре, маслаIате кхойкхуш чекхваьлла Немцов Борис тешнабехкаца Москва юккъехь вер.

И вийна аьлла гIардаьлчахьана дуьйна а юкъараллехь кест-кеста хезаш дерг цхьаъ дара: и верна бехке нохчий бу ма алахьара. Амма юха а нохчийн къам кхирринарг хилла- куьг бехке бу аьлла коьртах баьхнарш нохчийн мотт буьйцурш бу.

Немцов вийна кхо кIира кхача герга дахнехь а кхузахь шуьйра дийцаре дечех ду цунна герз деттар а, куьг бехке бийраш дуккха а шерашкахь ницкъаллин структурашкахь гIуллакх дина хилар а, жимма хьалхо шайн лаамехь кехат-дехарш охьа а дехкина, балхара дIабевлла хилар а.

Дукхахболчу могIарерчу бахархоша, кхийолу шеконаш герга а ца юьтуш, цхьа барт бича санна политикца дузу Немцов вер. Куьц-куьцара а ца дуьйцуш, къастам боллуш хьажам болчех ву пенсионер Мусаев Ахьдан.

Ахьдан: «Ой,муха ца вийна Немцов политика бахьнехь, вийна дер-кх. Нийсонна тIегIерташ ма вара иза, халкъана деш гIо дац вай бохуш. Куьйгаллехь болчарна товш дацара цо лелориг. Цундела дIаваьккхина.

Шайна ца тов стаг, шаьш бохург чекх ца далийта гIоьртинарг хийла дIаваьккхина кхара дIа. Цул хьалха маса ваьккхина дIа? Шайна новкъа волу Лебедев,Листьев муха ваьккхира дIа. ГIарбевлла нах боцуш,оццул бевзаш боцурш мел байина хир бу цара..?»

Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а Iар-дахар а, политикан хьал а вон ца девзаш, Iедалан балхахь стаг ву Соьлжа-гIалара Мохьмад. Цо уггар хьалха политика бехке йо Немцов Борис верна. Ишта дара цу хьокъехь тхойшиннан нисделлачу къамелан цхьа дакъа.

Мохьмад: «Суна иза шен хьажам болуш политик хиларна вийна аьлла хета Немцов. Дукха хена дуьйна оппозицехь волуш стаг ву иза. Коьрта бахьна Украинера тIом бу аьлла а хета суна цхьана агIор . Стенна аьлчи цигара тIом харц лоруш вара иза.

Цу тIехула дуй те аьлла а хета. Бехке верг билгалваьккхича дика дара да-м,бакъду кхузахь, Оьрсийчохь, куьг бехкениг карийча а,цкъа а карош вац и зулам дайтинарг. Политковская йийча а ца карийра, вийча а ца карийра. И заказчик олуш верг вуй и карор ву аьлла дегайовхо кIезиг ю хIинца а.»

Маршо Радио: Наха даре а деш нохчех доглезна стаг ву иза, тIом сацабе бохуш орцах вийлина а ву. Нохчий цу юкъахь хилла бохург ахь муха туьду?

Мохьмад: «Деллахь суна и бух болуш ца хета. Цкъа а нохчашка цабезам гойтуш дош хазийна стаг вацара Немцов. Машаре,маслаIате политик вар-кх иза. ХIара Iедал, дукха хена дуьйна а,нохчашна тIетатта а, нохчий бехке бан Iемина Iедал ду хIара. Шайна атта йолу агIо ю-кх цара схьалаьцнарг. Нохчий къомана Iоттар йина а Немцовгара тхуна вониг хезза дац».

Цхьаболчара Немцов Борис нохчаша вийнарг бохург а ца дуьту аьттехь а. Цара иза туьду юха а нохчийн бехбан, церан харц цIе кхолла къайлахчу сервисо лело рогIера харцо санна. Цхьаллиг цхьа бахьна дац нохчаша Немцов вен аьлла хьажам болчех бу хьехархой Лайлаъ а. Моша а.

Лайлаъ: «Нохчаша вийна аьлла ца хета суна и валлай ца хетта-кх. Цхьа леррина спецзаказ олу декхар тIе а дожийна, Путинс вейтина аьлла хета суна-м. Нохчашна цо вон олуш хезза дац цхьанне а. Нохчий бехк ца хета. Дадаевс даре дина бохуш дуьйцу. Цар даре муха дойту тхуна дика-м хааьа. Ницкъ бой тIелоцуьйту бехк.

Хьаьддарг,веддарг,вийнарг,ваьккхинарг тхуна тIекхосса Iемина бу уьш. Тхо-м цу Немцовх йоккхаюьйш Iаш яра».

Моша: «Нохчаша-м муххале а ца вийна, шайна новкъар дIаваккха цара шаьш вийна-кх. Масара а муха боху,хIан хIинца Немцов а нохчашна схьавели-кх бохуш дуьйцу. Гал мел даьлларг нохчашна тIедуьллуш ду-кх».

Москох вийна Немцов Борис хьокъехь дIа вист мел хиллачо уггар хьалха ялхош ерг политика ю. Соьца къамел динчара билгал ма даккхара бахархоша кхоалгIачу, йоьалгIачу шеконашка дIатоьтту дин бахьнехь и вийна бохург. Цара кхеторехь лаккхарчу тIегIан хьаькамаша тIедилларца кхочушйина кхел ю Немцовна тIехь йинарг.

Массарна а цхьабосса дазделларг ,вуно новкъадогIург ду, шайн боьхачу, къизачу Iалашоне кхаьччахьана кхидерг бен дIа а ца хеташ, юха а нохчийн вонна, зуламна тIера Iазапхой санна гайтар, шайна дина дика дицдеш йолу акхарой а йина, юкъараллина бага кхиссар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG