ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алпашкахь Airbus A320 чудар толлуш ду Францин Iедалш


Францехь толлуш ду Алпашна тIехула долуш Airbus 320 олу некъахойн кема охьадоьжаран бахьана. Марселан прокуратурин белхахоша лебеш бу хилларг гина болу нах. Кема охьадоьжначу меттехь хилла Кхаарин дийнахь немцойн эксперташ. Цара шайна хетарг довзуьйтур ду цхьа кIира даьлча.

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Казнёв Бернара дIахьедар дина Кхаарин дийнахь «Iаьрша яьшка» карийна шайна аьлла. Амма, цо дийцарехь, иза йоьхна ялахь а цу чура хаамаш схьаэца аьтто хила мега говзанчийн. Airbus 320 олу некъахойн кема хилла Барселонера Дюсселдорфе доьдуш. Цу кеманна тIехь хилла I44 некъахо а, 6 кеманхо а. Уьш берш белла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG