Оппозиционер Немцов Борис вийна 40 де-буьйса кхочуш дагалецаман гулам хIоттийра Москох, иза вийначу Москворецкан Доккхачу тIай тIехь, цуьнан агIончаша. Цул тIаьхьа Немцов ваьхначу цIийнахь а, цуьнан кошна гергахь а дагалацаман барамаш дIаьбаьхьира гуламхоша. Зезагаш а дохкуш, латийна чIурамаш кхоьхьура наха Немцовс Iожалла тIеэцначу метте.
Москох Немцов верах баккхийбечара а, иза вийначу меттиге наха зезагаш кхоьхьу меттиг сийсазъеш хьийзачара а шайга кхачабе дагахьбаллам балхош бара Яшин Ильяс а, кхечу оппозицин лидерша а бина леткъамаш. «Тхоьга хоуьйту дина зулам дицдар гIолехьа дуйла, амма оха дагахь латтор ду иза», аьлла яздина Фейсбукехь Немцовн нийсархоша. Ткъа Москох мэрино хаамбина Интерфакс-агенталле, Немцов дагалоцу барам дIабахьа бакъо ехна яц цхьана а юкъаралло, аьлла.