ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнна тоьхна эмбарго юхаяккха мега


ГIажарийчоьнна тоьхна латтае экономикан эмбарго жим-жима йоккхуш юхайоккхур ю ша, нагахь санна оцу махко ша зарратан герзан да йолчу 6 пачхьалкхаца дIахьош долу бертан дийцарш цхьана эшшара Мангал-беттан йисте а кхачийна, толамца дерзадахь, бохуш ду Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа дина дIахьедар.

Иза ГIажарийчоьнна иштта дIахаийтина а ду, элира Вашингтонан векало Эрнст Джоша оршотдийнахь. Цо бахарехь, кхин а шуьйрра йийцаре ян езаш юьсу бертан агIонаш. Оццу оршотдийнахь президента Обама Барака дош доцург ду элира, ТехIеранца цуьнан зарратан программин хьокъехь беш болу барт ша къобалбийр бу, цо шен пачхьалкхаллах даредахь бохуш Израил хьийзар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG