ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчу веана Грецин премьер-министр


Москох веъначу Грецин премьер-министрца Ципрас Алексисца цхьаьнакхийтира Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Къамелан коьрта тема яра шина пачхьалкхана юкъахь лаьтта экономикан, инвестицийн, йохк-эцаран юкъаметтигаш. Грецин Iедал гIора а доцуш къийсало махкарчу финансийн кризисца – дIа ца далалуш дуьсу цо Европера даьхна кредиташ. Оцу хьелашкахь, веана Москох экономикан хьашташ дийцаредан Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш шелъеллачу Евробертан дакъа йолчу Грецин лидер.

Путин Ципрас Алексисца ша лелочу гергарлонца йохо лаьа Евробертан чIагIо, аьлла хета визит йийцаре ечу дуьненан прессина. «Вайна некъ каро беза вешан юкъаметтигаш чIагIъян, кхидIа а уьш шоръян», - бохура шен къамелехь Путина. «Дукха зама ю Грецин, Оьрсийчоьнан зIенийн, со уьш карлаяха веъна», - элира Ципрас Алексиса. Коммунистийн партера Iедале веъначу Циприса лечкъа ца до ша Оьрсийчоьнца гергарло дезаш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG