Киевехь вийна оьрсашкахьа къамелаш дарца вевзаш хилла журналист Бузина Олесь. Низамашлардон органийн векалша бинчу хаамца, цунна доьазза герз тоьхна, цхьа дендарг коьртах а кхеташ. Журналистана тIелатар дина тIех йолучу машенара иза ша вехачу тIекъалдинчу цIанна чувоьдийлехь лаьтташ волуш.
Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIонча волчу Геращенко Антона Фейсбукехь хаам бина, цу машенан номерш Украинера цахилла аьлла. Геращенкос кхайкхам бина Антимайдан вовшахтухуш дакъалаьцна а, ахчанца гIо дина а болчу нахе а, Майданана дуьхьал зуламаш динчу нахе а, шаьш кхерахь низамашлардочу органашка гIо деха, Бузинин санна кхоллам цахилийта аьлла.
Кхаарин сарахь ша вехачу тIекIалдинчу цIанна хьалха вийна "Регионийн партин" цIарахь Украинин лаккхарчу Радан депутат хилла волу Антимайдан вовшахтухуш жигнаралла гайтина волу Калашников Олег.