Гирей-Авлакехь, Буйнакскна гергахь, цхьана цIачохь Имаратан амир Кебедов Iелаасхьаб а, цуьнан го а буйла хьалхо каракхаьчначу информацица билгалдаьккхина Дагестанерчу террорна дуьхьало латточу урхалло. Кхочучу хаамаша гайтарехь, цхьаьннан айкхалло баьккхина Iедална и аьтто.
Антитерроран урхаллан пресс-центро бахарехь, Кебековца цхьаьна байинарш бу Унцукулан жамаIатан а, мехкан шахьарна гонахарчу кIоштийн а амираш Гаджиев Шемал а, Магомедов Омар а, цаьрца хилла ши зуда а.
КIиранан сарахь долийна Кхерамзаллин урхаллерчу а (ФСБ-н), полицин а тIеман дакъоша Гирей-Авлакехь шаьш гоне лаьцначу цIенна тIе деза герзаш детта. Оцу юкъанна? амирашца динчу къамелан тIаьхьалонца, цIенна чуьра арадаккхийтина жима бер, ткъа зударий бисина чохь.
Интернетехь яьржинчу видеоно гойту эскарша шаьш тIом болийнначу миноташкахь амираш чохь болу цIа даккхийчу герзашца оьккхуьйтуш. Ткъа чуьра схьадуьйлуш герзаш ца хиллехь а, тIеман операци чекхъяккхар Iуьйрене диллира Iедалан ницкъаша.
Оршоьтан Iуьйранна эккхийтинчу цIенна бухара схьадаьккхина пхи дакъа: Кавказан Имаратан амиран Кебеков Iелаасхьабан а, шина вилайъятан амирийн а, шина зудчун а.
Иштта къаьстина Имарат Кавказ шен рогIерчу шолгIачу амирах.
Iедалан хьостанаша доцург, Имаратан куьйгалхо кхалхар бакъдина гIаттамхойн массех хьостано а, шайлахь Кавказцентр а йолуш.
Кавказ Имарат а кхуллуш, цуьнан коьрте 2007-чу шеран гурахь хIоьттина Умаров Докка кхелхина 6 шарахь амир лаьттича. Кебеков Абуасхьаб вийна цуьнан амиралла шарей, цхьана баттей даьлча.
Мила хила тарло Кавказ Имаратан рогIера кхоалгIа амир? И хаттар ду тахана Имаратах дог лозучийн а, цалозучийн ойланехь.
Кавказера гIаттам шен тергонехь латточех ву Дагестанера политолог Гиреев Руслан. Цунна иштта хета.
Гиреев: « РогIера куьйгалхо вийча, хьал жамаIаташка а долий, цара хьалхатотту цуьнан метта стаг. Кхузахь тидам бел аш, Оьрсийчоьнан дезаде Стигалкъекъа-беттан 9-гIа тIекхочуш хиларца доьзна Iедало регионашкахь шагйина политика. Цундела и болх хIора дийнахь а дIахьош бу.
Цуьнца доьзна, суна хетарехь, къаьсттина сема лела радикалаш а, хетарехь, атта вер вац и деза дукъ шена тIеоьцуш да. Царалахь, цу тIе, гаранашка бевлла некъаш а болуш. Къайлахчу тобанийн цхьана декъо байIат дина Исламан пачхьалкх олучу Шемарчу фронтна, ткъа важа дакъа тохарлеррачу ойланашкахь дисина. Цундела хала ду ала, хьан караоьцур ду и дарж».
Шо сов хьалха Умаров Доккех амиралла дисича, иза караоьцундерг Нохчийчуьрчу гIаттамхойн амир Вадалов Асламбек ву бохуш лийлира прогноз. Амма и бале дарж Дагестанерчу Кебековга кхечира.
Интернетехь цхьаболучара хIинца юха а йоху нохчочун Вадалов Асламбекан цIе. Иза-м хIуттур вац-те Имаратан амир бохучух политологна Гиреев Русланна хетарг иштта ду.
Гиреев: «Исламан радикалийн кхетамехь, и дарж хьаьнга кхочур ду бохург бен башха а дац. ХIунда аьлча, царалахь уггаре хьалха лаьтта вежаралла, жамаIат. Мила, муьлхачу къомах хир ву – иза бен башха дац, хила тарло иза юьстахараниг а, китайхо я кхин. Дукхахболучара тешам белларг, шурас къасттийнарг. ЖамаIатерчу могIарчу декъашхоша ма ца къастадой иза. Коьртехь болучара ма оьцу сацам тIе».