Къилбаседа Кавказан уггар йоккхачу, Дон-хица Iуьллучу Ростов гIалахь Висаитов Мовлида цIарах урам я майда хилийта вуно чIогIа къахьегна вайнехан юкъаралло а, «Кавказ» цIе йолчу нохчийн цхьаьнакхетараллин, цхьана ханна куьйгалхочун декхарш кхочуш деш волчу Мальсагов Руслана а.
Цхьана шарахь сов, бен-бечу урхаллин неIсагIа хедош, корта бетташ цара хьегначу къина жамI ду Ростов гIалин администарацино кху баттахь Русланега даийтина хIара жоп.
«Лераме Руслан, гIалин цхьана урамна турпалхочун Висаитов Мовлидан цIе тиллар доьхуш гIантдега Горбань С.И. ахь яздина кехат-дехар оха дийцаре дина тхешан I46-чу гулам -кхеташонехь.
Юкъараллин дахарехь, керла цIерш тахкар биста кхаччалц, маьIне хийцамаш бан охIла йолчу комиссин декъашхоша, бух болуш а лерина, къобалдина шун дехар
Оха сацам бина Советан Союзан турпалхочун Висаитов Мовлидан цIе тиллар тидамехь латтор а, аьтто баларций и сацам дахаре берзо а. Лерамца културан урхаллин хьаькам Боровская М.С».
Герггарчу барамехь цу кепара жоп кхаьчна Ростов гIалара. Мехкан, къоман бала мел кхочучарна боккха кхаъ а, шатайпа хилам а хилла дIахIоьттина Висаитов Мовлидан сий-лерамна вайнахана сел юьхькIаме сацам баро.
Цу хьокъехь дуьйцуш ву машархо,нийсонан,бакъонан агIонча Мальсагов Руслан.
Руслан: «Доккха хIума дац оха динарг. ХIара кхаъ массеран а бу. Кхузахь тIом бина хиларе терра, тхуна нийса ца хетара, урамна цIе тиллина а, цуьнан хIоллам кхузахь цахилар. Цул сов кхечу къаьмнийн векалийн хIолламаш бан ма бу Ростовехь. ШолгIа шо доладелла-кх оха Висаитовн цIе тиллийта некъ юьхьарлаьцна. Атта ца лаьцна цара и цIе тиллийта тIе. Некъаш гездар, корта беттар а, кхидерг а доцуш кехат яздина оха кхоъ, жоп далар тIе а дожош. Редакцешкахь хилла тхо мосуьйттаза а.
Массеран а дакъа ду цу юкъахь. Мовлидан цIарах урам биллича, лаьий, вешан чоьтах хIоллам а, бюст а хIотто йиш ю вай, итт шо далале. Вешан ахчанах. Цул тIаьхьа итт шо даьлча, низамо ма-хьоьхху, гIалано шен балансе схьаоьцур бу хIоллам. ГIо оьшуш хилахь оха дIахоуьйтур ду Даймахкахь. Мел боккху ког цIахь, даймахкахь ца хаийтича ца довлу тхо».
Атта ца кхаьчна Руслан а, цуьнан накъостий а оцу кхиаме, атта ца карийна царна уьш тIекIабеш, махкамхошца бийца мотт а. Ала дашна, Русланан хьаькамаш берта бало дийца дезна, боьдуш луьра тIом а болуш, Нохчийчу цхьа ван ца хIуттучу муьрехь, ван а вогIуш, кхузахь байинчу оьрсийн эскархойн декъий дIакхехьначарех цхьаъ ша хилар. Руслан ву кхин дIа а дуьйцуш.
Руслан: «Тхан шолгIа кехат жоп доцуш дитнера махкамхоша. Суна цхьа хьаькам тIевеънера, къамел дара шен хьоьца дан аьлла. «Хьо хIинца а и гIуллакх дадийна лелаш ву »,-элира цо соьга.- Охьахаахь кхузза. Хьан бIаьргаш чу хьажа лаьара суна. Хьо кхузара дIавоьдуш, корта охьа а тIаIийна дIавоьдийла а ца лаьара суна. Ахь соьга ладоьгIча, хьоьга сацахьара аьлла дехар тIедиллинера суна. Кху пачхьалкхехь чолхе хьал дара. Нах гIовтта а тарлора».
Бакъдерг дийцича со юхавер волуш а вацара,амма цо хаза, гIиллакхехь къамел дича, со кхечарех дагавер ву, элира ас. Ишта тIеIаткъам бан болийча, ас комиссин декъашхошка а, церан хьаькаме Ивановга а дIаэлира, со кхоьруш ву, хIара стаг соцуш вац, сацаве аларна санйа. Со машаре стаг хилар, Нохчийчу а лесташ байинчийн декъий схьадохьуш, гIодаран тоьшаллаш кехаташ дIагайтира ас. ТIаккха хаъал хийцаелира, хетарехь, церан,комиссин декъашхойн дог-ойла».
Мальсагов Руслана чIагIдарца Висаитов Мовлидан турпалчу хьуьнарийн хьакъболлу мах хадош, мел оьшу кехат хьем боцуш кечдеш, доккха накъосталла деш жигара хьийзина Ростов кIоштан тIеман комиссириат.
Цхьа могIа говзанчаша-Iилманчаша а, хьехархоша а къаро ярца, тIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь вуно мехала хIума ду, къоман турпалхой бовзийтар а, церан турпаллин хьуьнарш диц ца далийта, уьш халкъан иэсехь латтийта, Ростов гIалахь санна цIераш тахкар а.