Хьалхара тIом болабелча дуьйна, Нохчийчоьнан президент Дудаев ЖовхIар мосийтаза вен гIиртина къайлаха сервис, бохуш, официалан хьукматаша дуьйцуш ду тахана. Цунна, мел лаххара а, кхузза кIело йина хиллера.
Цкъа снайперо нийса топ ца тоьхна, юха, иза воьдучу новкъахь мина эккхийтина, иза чохь волчу цIенна тIе ракета тоьхна, иза дIавахана дукха хан ялале. Эххара иза вен аьтто белира, Гихчу эвлана йистехь, цо сателлит телефончухулла къамел дечу хенахь, хIаваъкеманна тIера ракета а тоьхна.
Дудаев ЖовхIар вен операци кечйинчу инарла штабехь моьттина хира дара, иза «дIаваккхаро», цIергахь яга йолаелла Нохчийчоь, берзалой арданг санна хьалхахь йолу борз-урханча йийча санна къера хира ю.
Дудаев вийча, иттанашкахь тIеман баьччаш байира, амма, хьал ма хетта семантIе ца догIуш дехха схьадеъна. Дудаев ЖовхIарах тайп-тайпана хабарш дуьйцура наха, тIеман жигаралла йолчу хенахь, шаьш оьгIазе болуш.
Амма наггахь бен нохчо хир вац, цо дуьйцург дагах ца кхетта, я бовхачу дагалецамашкахь цуьнан цIе ца йоккхуш.
Шела кIоштера Абуев Тархана, иштта элира Дудаев ЖовхIарх лаьцна.
Абуев: «ЖовхIар верах дика болх ца баьлла-кх хьуна я Оьрсийчоьнна а, я Нохчийчоьнна а. Вайна массарна а дага ма догIу, Ельцина «маршо шайна ма езза схьаэца» баьхна. Хабарш йийца-м юьйцу тIом цо болийнерий, баьккхинерий бохуш. Иза бакъ дац.
ЖовхIар вуьззина нохчийн къонах вара. Цо Ельцине дахьийтина кехат дара, иза хIинций бен дийца ца долийна. Ткъа кехат Ельцине ца кхачийтина. 20 минот бен хан ца еза, тIом бола ца балийта а, иза ца бан а, бохуш къамелаш дагадогIу. ЖовхIар къонах вара. Дала гIазот къобал дойла цуьнан!»
Дудаев ЖовхIара цхьацца дийцина долу хIуманаш тахана юха карла дуьйла нехан дагалецамашкахь. Цхьаццадерш чIогIа нийса хилла. ХIинца долчу хьолал кхин сов хIун доьхура цо?
Кху хьола тIекхача оццул дукха нах байа безара-те, бохуш цецвуьйлу Соьлжа-гIалара Азимов Шамхан.
Азимов: «Дудаевах нах ца кхетта а хир бу. Дуккха а ма дийцарий цо. Ткъа оцу хенахь, оццул нах а ца бойуш, тIемаш а ца беш, дан йиша ма яра и хIума. ХIинца наха бакъ хилла иза олу, даржхоша а тIаьхьа. Шен мохк безаш вара аьлла хета суна.
ТIом баккха чуваийтина ву бохуш долу къамелаш, суна дош ца хета. Вайн нах шаьш бара чубахкийта, вай Iасанаш а Iуьттуш царна дан деззарг дийра ду бохуш, и митингаш а еш. Оццул наха бохург дийра ду-кх ша бохуш, наха вохийра иза. Во Iалашонаш йолуш вара аьлла ца хета суна иза».
Дудаев ЖовхIаран гонах хIетахь Кавказан цхьааллах дегайовхо йолуш, луларчу мехкашкара векалш хуьлура даиманна.
Амма, тIом болабелча, царах дукхахберш дIабайра, делкъа хенахь IиндагI санна. Дудаев ЖовхIар а, нохчийн къам а, шаьш цхьалха бисира, шайна тIебеанчу балийца.