ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ца лаахь а, лууш санна къена маре деш ю Гойлабиева


Гойлабиева Луиза а, Гучигов Нажуд а, Нохчийчоь, 2015
Гойлабиева Луиза а, Гучигов Нажуд а, Нохчийчоь, 2015

Нохчийчоьнал генна ара а даьлла, дийцаредо Нажи-Юьртарчу полицин хьаькамо Гучигов Нажуда кIоштарчу шел кхузза сов жима йолчу йоIе къадийна хилла захало. Журналисташ, бакъоларъярхой юкъаболар бахьана долуш, доьхначух тера ду и захало. Бакъду, билгало карош яц оцу хьокъехь журналисташна.

Нажи-юртара полицийн куьйгалхочо Гучигов Нажуда санна гIарадаьлла хир дац тахана Нохчийчохь шоллагIа зуда ялор. Ша мел волу лаккхара хьакам, шишша-кхоккха зударий боолуш бу, амма церан гIуллакх иштта гIара ца даьлла.

Дукхачу хьолехь, захало тIе ма деънехь, реза а хуьлий, дIайохуьйту гергарчара. Амма, Гойлабиева Луизийн а, иза яло лиинчу Гучигов Нажудан а юккъахь йоккха хан хилар делахь а, я оцу йоIан гергарчара а, юьртахоша а даьккхина долу орца бахьанехь делахь а, и хIума мехка дозанал ара а даьлла, геннарчу Москоха дIакхаьчча.

Пачхьалкхехь юккъаралла кхиоран кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила а, Оьрсийчуьрчу адамийн бакъонашкахула векал йолчу Памфилова Эллас а оцу хьокъехь дIахьедарш дина.

Хьалхарчо, шен интервьюхь аьлла, Гучигов Нажуд полицийн лаккхара эпсар волу дела, прокуратуро талла деза, цо шолгIа зуда ялор, мел догIуш ду оьрсийчоьнан низамашца а, эпсаран сийлахьчу вастаца а.

Адамийн бакъонашкахула векал йолчу Памфилова Эллас кхи некъ хаьржина, и хила мегаш долу захало дохо. Гарехь, иза цхьа жамI долуш а хила мега. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар дина цо, хиллачунна юккъе а гIортий, и низамехь доцу зулам ма хилийта аьлла.

Оршотдийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбан-секретара Каримов Iалвис, оьрсийн хаамийн гIирсашка хаийтина, и захало хилла дац аьлла. ЙоI школа а яьккхина йоккха ю, шен луучуьнга маре яха а, ца яха а. Цо олуш-м дац иза, йоьдуш ю ша, я яц,- аьлла тIе а тоьхна цо.

Шен агIора, нохчийн цхьаболчу политикаша а агIо лаьцна зуда яло тохавеллачу полицийн хьакаман. Оьрсийчоьнан Думийн депутата Саралиев Шамсаила журналисташ бехке бина и гIуллакх гIарадаьккхарна. Иштта, цо зуда яло гIертачу полисхочуьнна 57 шо дац боху, 46 бен. Журналисташа лелориг, вахархочун дахаран юккъе гIертар ду аьлла депутата.

Нохчийчохь, доха кечделлачу оцу захалонна тIе лерг диллина ладугIуш ду. ДIадаханчсу кIирандийнахь дола яьккхина хила езаш яра оцу стага и йоI, амма яьллачу гIовгIано, иза ца дайтинчух тера ду.

Шелара вахархочунна Абуезидов Аюбана хетарехь, иштта зударий кхиллар, чIогIа моде даьлла хIума ду нохчашна аьлча а, Iедалхошна юккъахь.

Абуезидов: «Тахана мода яьлла-кх вайна зударшна тIе зударий балош. Ткъа, къаьстина I7 шо кхаьчнарг ялор, сийлахь хеташ бу и цхьаболу нах. Царах лаьцна хIун эра дара: уьш цхьана хIуманах кхоьруш, ийзалуш, цабоьвлла деш хIманаш ду аьлла хета суна. Вай нохчашна юккъахь цкъа а хилла дац и тайпаниг. Бусулба динехь 4 зуда яло мегаш дуй хууш ма ду вайна. Вай Iадаташца а, динца догIуш ду. Вай зударийн даиманна хилла сий. Долчара хIинца а до, доцучеран иза дац».

Дино магош ду бохуш, зуда оьшучо а, ца оьшучо а, таро йолчо а, йоцучо а, ялайо тахана Нохчийчохь. Лаккхарчу даржхоша гойтуш ду и масалаш. И гIуллакх, шен йозалле а ца хьоьжуш, дастаме даьккхина, аьлла хета Шелара вахархочунна Абуезидов Аюбана.

Абуезидов: «Цхьа зуда ялийна накъосто, кхин цхьаъ, кхин цхьа ялийна. 4 ялийна цо. Кхин цхьаъ яло мегар дарий аьлла хаьттина цо моле. Вукхо мегар ду, ахь бухара цхьаъ дIаяхийтахь, аьлла жоп делла.

Дешначу нахана дика хуур ду. Шен хIусаманна ларам боцуш дукха хIуманаш ду цу юккъехь. Хьалхалерачу заманахь а, хIинца а ялош хилла а, ялош а ю. Зуда могуш ца хилча, цуьнгара пурба а доккхий ялайо, ша оьзда волчу стага. Зуда кхелхича, тIаккха а ялайо. Яц, кхелхина бутт а, кIира а далле. Шен стунзахошца ларам хилла. Вай дайша олуш кица ма ду, стунзахой, ненахой а ца лоруш верг стаг вац».

Керла зуда ялоран хьалхалерачу заманахь шен-шен агIонаш хилла. Дуьххьара дIа шен бухахь йолу зуда могуш йоцуш хилча, я цо ша лараеш ца хилча, тIе а дожош, ша а лаха а лохий ялош а хилла шена тIе эмгар. ХIинца модехь ду, шен массийта зуда хилча, шен къонахалла гIеххь барамелла лакхайолу аьлла хеташ, ялайо зудчунна тIе зуда, элира историк волчу Демелханов Сулеймана.

Демелханов: «Нохчийн зуда даиманна чIогIа экаме хилла. ШоллагIа зуда яло йиш хилла, амма, дукхачу хьолехь бухахь ерг елча, я иза цомгуш хилча ялош хилла. ХIинца, ахча кара ма деънехь, я дарже ма хIоьттинехь, шен сий хьаладолу моьттуш далахь а, зуда ялайо. Цхьа моде дирзина и хIума. Дика лоруш ца хилла-кх, къанвеллачо, шен йоI хеннара зуда ялор».

Ялор ю, я ялор яц, шел а мел лаххара а кхузза жима йолу йоI полицийн хьакамо, къаста мега кху кIирнах. Оцу хьолехь, уггаре а вочу хьолехь юьсу, доккхачу дахаран некъ хIинций бен болабелла йоцу I7 шо долу и йоI. ГIуллакх мухха а дерзахь а, цунна а, цуьнан гергарчарна а хилла йоккха чов. ТIаккха, хIун заахало хир ду цуьнах, хIун марзо хир ю цу юккъахь, ца хаьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG