ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низамхоша низам хьоьшуш го бакъоларъярхошна


Нохчийчоь --Бакъоларъярхойн гулам,2015
Нохчийчоь --Бакъоларъярхойн гулам,2015

Къилбаседа Кавказерачу бакъонашларъярхойн горга стол хилла кхаарийдийнахь. Дукха хан йоццуш Соьлжа-гIалахь дов хаттар а, кхелъяр а доцуш вийначу Дадаев Джамбулатан хьокъехь яра кхеташо.

Соьлжа-г1алахь Ставрополан к1оштера баьхкинчу полисхоша вийначу Дадаев Джамбулатан г1уллакх дийца гулбелла бара Соьлжа-г1алахь бакъонашларъярхой а, юккъараллийн белхаш беш болу жигархой а. Амма и дийцина ца 1аш, гулбеллачара шайн-шайн мехкашкахь долу хьал дийцира.

Горгачу стоьлехь дакъалоцуш бара Дагестанера а, Г1алг1айн махкара а, Х1ирийчуьра а, Кхарачой-Чергазийн махкара а векалш. Х1оранна а дара адамийн бакъонех лаьцна дийца шортта.

Дукхачара деш долу аьрзанаш дара, ницкъаллийн структурашна-цара, лелочу харцонаша нах чу сан да ца буьту бохуш.

Х1ирийн махкара бакъонашларъярхочо Сидаков Анатолийс терго йинарг ду, регионехь муьлхха а операции ечу хенахь, дийна я лазийна а цхьа стаг кара ца воьду низамхошна. Иза тамашийна х1ума ду, элира цо.

Сидаков: «Аш тидам бейша, вайн Къилба - Седа Кавказерачу лаьттат1ехь хуьлучун. Кху шерашкахь, щун ламхой бу боху нах, цкъа а кхелаша уьш иштта бу аьлла а боцу, лазийна а хуьлу. Низамхошна юккъахь хуьлу лазийнарш. Цхьа бала д1абоккхуш хилча, уьш д1а а лоцуш, уьш ле а беш х1ума дан ма деза. Т1аккха, оцу з1ено цхьана х1уманна т1екхачор ву. Ткъа нах бойуш хилча, цхьа а чакхе ца хуьлу цуьнан».

Схьагучу суьртаца уггаре а вон хьал адамийн бакъонашца ду луларчу Дагестанехь. Цигахь кисанна х1ума ца кхуссуш, я боцу кхиболу бехк т1екхуллура бац аьлла, ала х1уттуш цхьа а стаг вац, бохуш дийцира цигара веанчу бакъонашларъярхочо Шамилов Мохьмада.

Шамилов: «Вай дуьйцург ду юккъараллехь хетарг. Наха дуьйцург. Хила дезаш доцург ду иза. Дог лозург. Дагестанехь х1ун ду хаьий шуна? Инарла герз а диттина вийна. Путина омар а делла, сихха схьа а лахий, чубохка аьлла. Чубоьхкина цхьанна а тайпа бехк боцурш: оьрсийн цхьа эпсарий, кхиъ 2-3 стаггий.

К1оршме къизаллаш лелийна царна т1ехь. Наха шай т1ехь и 1аткъам бича, шайна т1елаьцна иза. Юха, Гаджидадаевс ша дийцина-кх, ма-дарра, ша чоьххьарчу г1уллакхийн министр муха вийна. Эхь ду иза! Тахана Махачкалахь талламан изолятор чохь волчу иттанах, барх1 стаг бехк боцуш ву, чу х1ума а кхоьссина. Ас Дагестанехь оцу нахе даиманна олуш ду, цхьацца ма лела.

Жима стаг ву йо1аца ирахь 1а воьдуш. Зезагаш а эцна цунна доьхьала воьдуш ву иза. Цунна т1аьхьа вог1уш ву ши низамхо. Цара еттий, вожаво иза. Кисанна патармаш а кхуьссу. К1ошта полици д1авуьгу. Иза урама юккъахь хуьлуш ду. Камера т1е а хьежош дуьйцу, иштта кисанахь х1ума а йолуш схьалаьцна иза».

Горга стол д1айоьдучу хенахь т1аьхьо чуеанчу «Нийсо» ц1е йолчу цхьанатохараллийн куьйгалхочо Махажиева Заргана шега дош делча, дукхачу ночхашна герга хеташ долу къамел айдира. Цо элира, цхьана стеган бакъо йийцина а ца 1аш, хьалха хилла долу зуламаш а талла деза.

Махажиева: «Вай ша дерриш теш ду. Со со а ю теш, сан б1аргашна хьалхахь герз диттина байина, багийна нах. И санна долу х1уманаш, дуьйцуш а дац вай. Кхин д1а, нах байа а, уьш баго а, церан х1усамаш яго а, цу чуьра нах аракхисса а, низам дац. Цундела, вай х1ара тема айина елахь, кхиндерг а дицдан ца деза вай. Нахана бицбелла бац шай байина гергарниш. Операцеш кхузахь а д1аяхьна, нах шаьш т1ебаха кийча а хилла. Амма иза цаьрга ца дайтина. Уьш байина. И зуламаш дийца вай?!»

Горга стол йирзича, вийначу Дадаев Джамбулатан доьзалан адвокатао Садаханов Заурбека дийцира Маршо Радиога, и г1уллакх муьлхачу т1ег1ан т1ехь ду а, цуьнах кхин д1а а х1ун хила мега а.

Садаханов: «Къилбаседа Кавказерачу нохчашца 1оттаделла х1ума хилча, ч1ог1а ледара хуьлуш ду низам лардар Оьрсийчохь. Вайх 1оттаделларг я Оьрсийчоьнан Конституци а, я кхидолу низамаш а лардар ледар хуьлуш ду. Х1инца вайна схьагуш долу сурт ду: талламхочо, шена т1евалаве аьлла бахкийтинчу наха, иза вен а вийна д1абахана. Х1инца иза вер бахьанца долийна г1уллакх талла а ца толлуьйту, Оьрсийчуьра лаккхарчу хьаькамаша.

Тхайн ма хуьллу, и г1уллакх дижа ца дайта, кехаташ, аьрзанаш яздеш болх беш ду-кх тхо. Иза таллар сацийна ду боху, амма цхьацца аьрзанаш деш дохкуш-м ду тхо».

Къилба-Седа Кавказера бакъонашларъярхойн горга стол д1айийрзира, т1еоьцун йолчу резолюцийн проект билгалъяьккхарца. Цу юккъахь 5-6 артикл яра, коьртачарех регионехь бехачу нехан бакъонаш а, кхечу бахархойн санна, лара аьлла 1едалшка кхайкхам а бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG