ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ригера саммит: Европан гергарлонаш


Европан малхалерчу 6 махкаца – Эрмалойчоь, Азербайджан, Беларус, Гуьржийчоь, Молдова, Украина – гергарло чIагIдар Евробертана цкъа а ца хиллачу кепара деза ду, бохура Германин канцлера Меркел Ангелас ша цIерш яьхначу пачхьалкхийн Ригехь йолаеллачу саммитан мах хадош.

Европан Берта юкъабогIучу 28 мехкан векалш бу оцу 6 пачхьалкхаца гергарло чIагIдан шина денна гулбелла. «Маьрша еха Европа цецъяьллера Оьрсийчоьно Украинера низамехь а доцуш ГIирма яккхича. Оха кхидIа а накъосталла дийр ду тхешан малхбалерчу лулахошна демократи, низам урхаллехь а долуш кхиа», - элира канцлера. Европан малхбалерчу 6 пачхьалкхана Евробарт гергагIертаро дуьхьалойо Оьрсийчоьнан интересашна бохучу Кремле хьажийна дешнаш а хазийра Меркела.

«Малхбалера тхан партнёралла дац Европан Барт дозанашца шорбан лерина, вайна ца догIу харц тида юкъарлонаш, вайн гергарлонаш цхьанненна а хIуттаренна тосуш дац, Оьрсийчоьнна-м муххале а», - аьлла дара Германин лидеран къамел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG