Ткъа хилам низамхойх хьакхалуш белахь-м гуттара а атта хета, оцу юккъе нохчий озо.
Иштта хилла стохка аьхка Москох гIалахь а. Маларо корта бахийначу полисхочо, шена хIинца йоьвзинчу цхьана зудчуьнца Москохахула волалуш, дайина шен белхан тоьшаллийн кехат.
Ала догIу, иза дайича, полисхо а, кхиволу низамхо а, балхара дIавоккха кхерам бу, боккха таллам а ца беш. Амма хIилла долчу полисхочо, шена тIелатар динарш кавказхой а бара, цара урс лаг кIела а хIоттийна, ахча а, белхан кехат а дIадаьккхина шегара аьлла.
Цуьнгара и арз схьаэцначу кхечу полисхоша, кхин хIекъале хIума коьрта чу ца деъна, нохчий волчу шина кIантана и бехк тIетаттар бен. Москохахь бехаш а, доьшуш а, болх а беш волчу Каутаров Асланан а, Цацаев Тамирланан а бехк тIететтина. Шинна а 22 шо ду.
И ши кIант дIалаьцна талламан изолятор чохь валлош ву. Ма хуьллу тIехь ницкъ беш а бу бохуш, Маршо Радиога дуьйцу Цацаев Тамирланан нанас Исаева Асяс.
Исаева: «Москохарчу полицийн цхьана декъе дIавигнера иза. II гIат тIе а ваьккхина иза. Шегара хIун оьшу а ца хаьра шена боху цо. Еттара шена, юха целлофана тIоьрмиг коьртах а буллий садоьIийла дIадоккхура. Юха ток а йиттина, ша вужура боху цо. 8 сахьтехь иштта хьийзина цара, язйинчу кехатан кIела куьг таIаде бохуш. Цу тIехь язйинарг хIун яра а ца хаа шена боху цо. Иштта, ша шена тIекхайкхитина цара цуьнга».
Полисхочо шен кехат дойучу хенахь, Каутаров а, Цацаев а, ший а некъан полицино саца а вина, гIуда тоха дIавигина хилла. Цундела цхьанна а агIор, и шиъ хила йиша йолуш вац. Амма талламо и хIума чоьте а ца оьцу, бохуш дуьйцу цхьана кIентан нанас Исаева Асяс.
Исаева: «ХIара шиъ лацар бахьана ду, оцу полисхочо и кехат дойучу хенахь, и шиъ Мосохарчу пачхьалкхан университетан хьалхахь, некъбоьхкург хьала айина, магийна доцучу новкъахула дIавахна, сурташ даха. Некъа полицино уьш совцийна, дIабигна. Оцу полицийн декъехь а дIаязйина ду, оцу хенахь, оцу сахьтехь и шиъ схьа а валийна, гIуда а тоьхна дIа а вахийтина аьлла. И шиъ нохчий а ву, церан коча даха деза вай аьлла, тхо хIуманна тIаьхьакхиинчул а тIаьхьа, схьахIуттуш иштта сурт ду».
Шен кIентан тIехь еш йолу харцо юхатоха гIерташ лелаш ю Исаева Ася. Цхьа бIе ца кхоччуш гIо доьхуш арз а дина цо, Iедалан тайп-тайпана тIегIанерачу хьукматашка.
Амма, боьдучу талламан шайн юккъе гIерта йиша яц олий, дахьийтинчу кехатан дуьхьала жоп ло, шен накъосталла дан гIоьртинчаьрга, бохуш кхин дIа а дуьйцу цо.
Исаева: «7 бутт кхочуш бу уьш чохь болу. Таллам чекх а баьлла, прокуратуре дIаделла ду и гIуллакх. Талламхочо вайн кIанте аьллера, лачкъа а ца деш, ша хьо араволуьйтур вара, амма хьан нанас дукха аьрзанаш деш, иза кIорда а йина, тхан хьакамо хьо ара ма валийта аьлла омра дина.
Иштта хIуьттаренаш лелош бу, ас арз ца деш,гIо ца доьхуш меттиг а ца йитна. 88 жоп деъна соьга. Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула волчу Нурдис а, Дукхвахас а, «Нийсонан Оьрсийчоьнера» Гуьмсехь волчу Абзотов Адама а, оца кхаамо кехат язйира прокуратуре. Цаьрга жоп деара, уьш бехке бу, таллам боьдуш бу, цу юккъе гIерта йиш яц шайн, аьлла».
Шен кIентан, долалуш долу дахар, шена оьшучохь бIаьрзе а, къора а хуьлуш, ца оьшучохь, массо а хIуманна сема а хуьлуш йолчу бехктакхаман системо, хIаллак деш хиларна шеко яц Исаева Асин. Ша доьшучохь, яьккхий Iалашонаш яра цуьнан, элира цо.
Исаева: «И вайн кIант Москохахь дашо мидалца ишкола яьккхина а ву. Финансийн
университетехь доьшуш а ву 4 курсехь. Хьалхара курс яьккхина Англехь дешна а ву. Шиъ кхечу кхаьмнийн мотт хууш а ву. Кху аьхка Iемерке шина шарана университетера программийца деша ваха везаш а вара.
Иштта цуьнан мел йолу кхане йохий цара. Цуьнан да а цомгуш ву. Цхьа шо дара оха цунна дарба деш. ЦIе ца йоккху цамгар ю цуьнан пехашца. Доьзалехь къаьстина дена дукха везаш ву иза. И ла ца делла, воьжна ву иза. Наркотикаш а етташ, хьала ца гIоттуш ву иза. Ша валале, шен кIант мара вуллур вац-те ша, бохуш ву иза. Иштта хьийзош ду-кх кхара тхо кхузахь».
Белхан тоьшаллийн кехат дайиначу полисхочунна Пешков Алексейна шен кехат карийна ду. Амма шен бехкенна, бахьана а доцуш долийначу гIуллакхах, юхаволуш вац иза. Цунна тIаьхьа лаьтташ ю Iедалан система. И ший а кIант бехк а боцуш чохь латтош хилар тидаме оьцу, кху деношкахь «Московский комсомолец» ц1е йолчу газето арахецна йоккха артикал.
Цу т1ехь боккха таллам бу бина, официалан талламхой масале бало мегар а долуш. Амма гарехь, 1едалхойн пурбанца цкъа д1акерчина йолу чкъуьрг сацо хала ду, мог1арерачу нахана.