ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сенатор Маккейн: Iамерко герз дала деза Украинина


Iамеркин сенаторо Маккейн Джона юха а кхайкхам бина Iамеркин Iедалшка Украинин малхбалехь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташца къийсам дIахьочу эскаршна герз хьажаде аьлла. Киевехь Шоьтан дийнахь хиллачу пресс-конференцехь цо дIахьедар дира, иза вуно эхье а, сий доцуш а хир ду, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Украина екъа гIерташ а волуш, Малхбузе хIумма а ца деш Iад Iахь.

Украинин Iедалша масийттоза гIо дехна Малхбузерчу пачхьалкхашка, шайн эскарна герз доьхуш. Амма Малхбузера пачхьалкхаш цкъачунна реза ца хуьлу Украинина иза дала. Цуьнан метта цара украинахошна луш ю цхьацца тIеман техника. Малхбузено иштта накъосталла до Украинин эскархой Iамош а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG