ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белялов Рамзанан алиби толлуш бац талламчаш


Ши кIира хьалха Ставрополерчу къайлахчу сервисан векалша Нохчийчу а баьхкина, лаьцна дIавигина, Пятигорскерчу «КIайн ГIурагIаз» набахтехь кхобучу Белялов Рамзанан алиби толлуш бац талламчаш, аьлла инарла прокуратуре арздина цуьнан адвокато.

20 шо хьалха Буденновск гIалина тIелеттачу Басаев Шемалан тIемалойн тобанехь хилла аьлла, лаьцна Белялов. Ткъа иза вевзачара чIагIдо, Буденновске нохчийн тIемалой бахначу муьрехь иза генарчу кхечу махка гIишлош йотта вахана вара бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG