1917-чу шарера дIа деа шарахь, Чермоев Тапа президент а волуш, «Ламанхойн Республикин» Iедал эмиграцехь Iачу юкъанна цо пачхьалкхашка, дуьненан Iедалшка кхехьийтина кехаташ, хIиттийна документаш Францерчу архивашкара схьа а гул а дина – уьш 60 эзар документе кхоччуш ду – мехаза Нохчийчоьнан архивийн куьйгалле дIаделлаПарижехь вехачу историн доктора Вачагаев Майрбека.
ХIинццалц кавказхошна шайн бIе шо хьалха кхоллаелла хиллачу пачхьалкхан орамаш ца карош хиллехь, хIинца уьш бовза аьтто бу.