Оьрсийчоьнан лелар кхераме ду Iамеркин а, цуьнан бертахойн а кхерамазаллина, цундела Вашингтоно оьшург дерриг а дийр ду НАТО-на юкъайогIу пачхьалкхаш Iалашъян аьлла дIахьедар дина Рейтерс агенталлина интервью луш, Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман хIаваан ницкъийн министро Джеймс Деборас.
Цо дийцарехь, оьрсаша сагатдойтуш лелочунна жоп луш Iамерко шен F-16 олучу кеманашца ха дийр ду Малхбалерчу Европан пачахьалкхийн стигалахь. Iамеркин тIеман хIаваийн ницкъийн министро шен и нтервью елира НАТО-на юкъайогIучу Европерчу цхьамогIа пачхьалкхашкахь хиллачул тIаьхьа, шайна юкъахь Полша а йолуш.
Ша догдоьхна ю элира Джеймс Деборас, 28 пачхьалкхах 2-на пачхьалкхо а бен шайн эскаршна бюджетера 2 процент ахча дойуш цахиларна, цара шайна цу тайпа декхар тIеэцнехь а. Iамеркин НАТО-на юкъахь болчу бертахоша оьшучул дуккха а къезиг ахча дойъу шайн кхерамазалла ларъян.