Германехь 4 шо кхайкхийна набахтехь даккха нацистийн заманахь Освенцим концлагерехь хадеш хиллачу дезткъе дейтта шо долчу Гроунинг Оскарна. Люнеберг гIалин кхело бехкевина иза кхо б1е эзар жуьгти вийначу Освенцимехь болх барна.
СС-н эпсар лаьттинчу цо бехк тIеэцна шена, ша чубоьхкинчу нехан бедарш дIагулъеш а, цаьргара ахча дIалахьадой, Гитлеран Iедална дIалуш а вара аьлла.