Цуьнца доьзнера Маршо Радионо кху кIиранах эфирехь дийцаредина хаттар: шуна хIун аьлла хета, атта дуй те, доьзалан хьаштийн гурашка а ца воьдуш, ша шена, цхьалха ваха?
Дуккха а мехкашкахь бехачу вайнахера жоьпаш кхечира Маршо Радионе, шайн дог-ойла йовзуьйтуш.
Иштта Маршо Радион сайтехь кхоже диллинера оха хаттар, шуна хIун аьлла хета, атта дуй те, доьзалан хьаштийн гурашка а ца воьдуш, ша шена, цхьалха ваха?
Интерактиван таллам хIинца а бу дIахьош. Ткъа кху сохьтан жамIаш ишта ду.
Ша цхьаъ вахар къилахь ду аьлла билгалбевлла 75% кхаж теснарш.
Ша цхьа вахар тоьлуш ду боху I5%.
Бен-башха доцучарех бу 5% кхожехь дакъалаьцнарш.
Сан жоп дац боху 5 %.
Кху дуьнентIехь кхин ца хиллал яккхий гIайгIанаш тIехь лаьттачу нохчийн къомана хаьа, шен кхане чIагIйийриг кхидолчу хьелашца цхьаьна ша алсам дебар дуйла а, вешина ваша оьшийла а, йишина йиша оьшийла а.
Цундела тамаше а хета цхьаболчу нохчаша шайн тIаьхьенан ойла цаяр.
Баркалла шуна тхан хеттаршна жоьпаш даларна а, тхоьца зIе латторна а.