ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха достучу дийнах хилла къайле


Адамашлахь лелаш рузма йоцуш санна, Макка-Меданахь массо а бусалбанашна хьалхара беш къастам боцуш санна, Нохчийчохь хIора а шарахь хаттаре долу, мархийн бутт маца боьрзу, марханаш маца кхобу бохург. Марха даста буьйса йисича бен хоуьйтуш а яц кху массех шарахь и къайле.

Нохчийчуьра динан урхалла бахьнехь марха дастарца доьзна юха а дагахь а доцу халонаш лайна бахархоша, къаьсттина зударша. Дерг аьлча, кхана марха досту де кхайкхийначу буса вайнехан зударий бийшина а бац шайн хьашт-дезарш луьстуш.

МогIарерчу наха и хьукхмат бехке лараран бахьна ду цуо къастам боллуш хIума ца олуш, кханенаш а йохкуш,нагахь санна бутт цIинбелла гахь достур ду, ца гахь шотан де хьалхара де хир ду бохуш, юх-юха а дIахьедарш дар. Марха дастарца доьзна къам Iехадалар кхето хала дацара.

Стенна аьлчи кху тов бецан беттан 16-чу дийнахь делкъе а хилале массарна хууш дара Оьрсийчоьнан коьртачу шахьрахь 17-гIа де марха дастаран хьалхара де дIакхайкхийний. Пачхьалкхан коьртачу муфтина тIе а тайна, нохчийн динан дай а, Iедалхой а «хIаъ» аьлла, совцуш ца хилча бахархошна бакълена а моьттинера марха дастар 18-чу дийне дIатоттуш ду.

Цхьа хIуьттаренна, гамонна лело хIума санна шайна тешнабехк бина лору дукхахболчара. Муьлххачу кIоштехь а хьо хаттаре мел ваьллачу къона а, къена а зударша, цхьа-а тайпа шеко йоцуш Iедалхой бехке бо,марха дастарх хIетал-метал а дина шайн садаарна.

Соьца къамел деш берш тайп-тайпанчу ярташкара хIусамнаной бу. Церан «дагардийцаршкахь» го аьлла хета мел баккхийбеш, тIеэцна цара муфтиято марханаш дастарца доьзна яьккхина нийсонан гIулч.

Динан урхаллин сацамна резаберш бан а бацара. Цар хьулам ца беш балхабора шайн дегнашкахь «кхехка» безамах юьзна ойланаш. СоьлжагIалахо Медент ю дуьйцуш.

Медент: « Зударша мел аьлларг хилахь молланийн могIарш лилха-м девр ду. Москварчу моллас хIун боху а хьаьжна, цунах дага а бевлла IадIа ца мега цул а цхьа ког лакхар хила а ца гIерташ».

Бакълена а шаьш холчахIитторах, и холчахIиттор хIора шарахь а юха-юха а карла дуьйлуш лаьтташ хиларх а,цунна бехке ша муфтият ларарх дуьйцуш Зайбал.

Оьрсийчоьнан коьртачу Iеламстага бина цхьа сацам а болуш, цунна муьтIахь а хилла,кегаре а ца беш Iийча а ша йолуш хилча меттигерчу муфтиято лелочух ша кхуьуш вац бохуш карзахе дуьйцура Мадаев Ширван аьлла шен цIе яьккхинчу соьлжагIалахочо а.

Ширван: «Муфтият Iедалдайн карахь тайниг хилар гучудели хIинца а. нехан са диъна,диъна,юха а масех сахьт дисча бен ца эли марха маца досту. Бутт цIинбелла карлабалар ас кхетадо,керла бутт болабалар а кхетало. Соьга цакхеталург кхин ду. Кхечу меттигашкахь стенна ца хуьлу марха дастарца доьзна кегаре?

Царна ма хаьа хьалххехь дуьйна марха маца досту. Мокварниг Оьрсийчохь а коьрта молла ву. Цо марха досту де билгалдаьккхина хилча цуьнан сацамна тIе а тевжина Iийчахьана ца довлу тхо а, къа а,мел а хьайна хир-кх хьуна аьлла? Нехан са стенна дууш ду? Нах кхетац кхара лелочух.

Масийтта де хьалха, 14-чу дийнахь дар-кх, сан лулахо Нальчике яхна лоьрашна тIе. Цо боху-кх цу дийнахь цигахь хууш дара марха маца досту. Урамаш ма-дду дIадиттина декъалдарш дара боху. Схьагарехь къам, кхушара дуьххьала а доцуш, ладегIамехь,сингаттамехь латтош самукъадолуш бу хIорш.

ТIаьххьара а наха шайлахь барт а беш, де билгал а доккхуш даста мегаш ду-кх кхузахь марханаш. Муфтиято и хаам бичхьана ирахь буьйсанаш текхна-кх зударша. Цара мел кхайкхийначу «баркаллех» бIозлагIа дакъа а дIакхачахь зовккха-м хьоьгур дац Iедалхоша».

Кхушара дуьххьала а доцуш хIора шарахь а нисдо архаш карахьйолчара Нохчийчохь цу кепара цакхетарш, бахархойн садаар,сакIамдар къилба лаьцча санна. И маццалц дахлур ду,я маца сацор ду нехан сатийсам «карзахе хьестар» боху хаттар а ду чолхечех чолхе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG