Донбассехь Украинан эскархоша йийсаре эцна оьрсийн майор Старков Владимир бехкево Киево терроран тохар дан воллуш хиларна. Хьалхо мехкан дозанан урхалло шен пресс-конференцехь дIахьедира и эпсар Донецкера Ясное юьрта машенахь оьккху герз а эцна воьдуш лаьцна аьлла.
Ша Оьрсийчоьнан эскарера хиларх даредина Старковс, боху Украинан кхерамзаллин урхаллан векалша.