ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIазойчоьнанний, Таджикистананний бахархойн конфликт


ГIиргIазойчоьнанний, Таджикистананний дозанашкахь, вовшашна тIулгаш а детташ, летта дехьара-сехьара бахархой. ГIиргIазойчоьнан йисттехь лаьттачу Кхош-Таш юьртара нах кхечу ярташкахь къайлабевлла, конфликт гена яларх кхоьруш. И санна долу дар-дацарш кест-кест лелха ГIиргIазойн, Таджикистанан, Узбекистанан дозанашкахь.

Сехьарчара уллехь лаьттачу шайн нехан кешканашка ца буьту вуьйш, вукхара дIакъуьйлу юкъара долчу хинан асанаш. Девне гулло эзарне кхоччуш нах. Кху деношкахь гIиргIазошний, таджикашний юкъадоьллачу девнех лаьцна хаам баржийна Маршо Радион меттигерчу корреспонденташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG