ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигранташ тIеоьцучу пачхьалкхашна ахча делла Евроберто


2 миллиард 400 миллион евро билгалдаьккхина Евроберто мигрантийн проблемаш кхочуш ян дезаш йолчу пачхьалкхашна дала. И ахча луш ду 6 шаранна лерина. Цуьнан уггаре а доккха дакъа кхочур ду Италина – 560 миллион евро. Грецина лур ду 470 миллион евро. Белхан мигранташ а, тIеман конфликташ йолчу меттигашкара бевдда нах а алсам бовларо цакхетамаш баржийна Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашна юкъахь. ХIара шо доладелчхьана Африкера а, Гергарчу Малхбалера а 192 эзар мигрант веана Европе хIордан кеманашца. Царах ши эзар стаг велла Дуьненаюкъара хIорд хадош хиллачу бохамашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG