ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ассадах тасаелла яц Оьрсийчоь боху Ходжас


Шеман оппозицин тобанан хьалханчо Ходжа Халида дIахьедар дина Оьрсийчоь Ассад Башар президентан даржехь висийта гIерташ яц яьлла. ПIераскан дийнахь иза Москох цхьанакхийтира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца.

Цул тIаьхьа, журналисташна хьалха вист хуьлуш, Ходжас элира Оьрсийчоьнан куьйгалхой тасабелла бац Ассадах, царна луург Шеман территорин цхьаала йоха цаяр ду аьлла. Ассад Башаран коьрта бертахо ю Оьрсийчоь деа шарахь яхъеллачу Шемарчу конфликтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG