Оьрсийчоьно шен лаьтта тIехь терроран тохар дан воллура аьлла, кхеле озийначу Украинерчу кинорежиссерна Сенцов Олегна набахтехь даккха 23 шо кхайкхор дехна суьдхошка прокуроро. Сенцовн агIончаша аьттехьа а ца буьту цунна тIетоьтту бехк, иза Оьрсийчоьно хьийзаво ша ГIирмина йина аннекси цо емалъеш хиларна, боху цара.
Сенцовца цхьаьна стохка аьхка лецира кхин а кхо стаг – Чирный Алексей а, Афанасьев Геннадий а, Кольченко Александр а. Хьалхарчу шинна хьалхо набахтехь даккха ворхI-ворхI шераш кхайкхийра Украинана гергарчу Ростов гIалахь. Кольченкона а доьху прокуроро I2 шо хан тохар.