ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вала а деза ирс...


Iер-дахар, валар-висар даима кIоргга кхетош хилла вайнаха. Дукхахболчара цхьа сатасар, буьйса йолар санна туьду, стеган кхоллам дIаберзар а. Цу хьокъехь, ваха санна ирс оьшу вала а боху кхетам беха вайнахалахь.

Юьрта юкъарчу гIуллакхийн цуьрриг бала а боцуш, и бахьнехь цхьана вон-диканехь а ца хуьлуш, шен сина а, дегIана а вехачу цхьамма хаьттина бах ша санна хенарчу шен нийсархочуьнга: „Хьенех, цхьаболчара стаг велча «дIакхелхина» олу, вукхара, «дIаваьлла» олу. И хIун ду техьа? Цуьнан маьIна муха дийр дара ахь?

-Кхин дIоггара корта кегго оьшуш хIума дац иза-м,-жоп делла забарна тIера волчу юьртахочо. - Нехан вон-диканехь а лаьтташ, Делах кхоьруш волу стаг велча дIакхелхина олу, ткъа хьо санна цIерачарна а бале а ваьлла, маларна обанаш бохуш,гергарниш юьхьIаьржа хIиттош схьавеънарг велча, «дIаваьлла» олу новкъара.

Забар йоцуш аьлча, нохчашлахь хийла меттигаш йогIу стаг велча ишта дешнаш хазош: « Ма-ирс долуш стаг хилла хьенех, меттахь де ца доккхуш дIавахи –кх иза! Вала а деза ирс! Цхьангге шех куьг ца Iуттуьйтуш дIакхелхи-кх,минех!» Ишта кхин а кхин а аларш. Кхечу агIор аьлча шен дегIе ла а ца доьгIуш велларг,ирсе лоруш кхетам бу вайнахалахь бехаш.

Цундела бахархоша,зуда а,боьрша стаг башхалла а йоцуш,кхин ойла еш къа а ца хьоьгуш жоп ло «Вала а ирс оьшу « бохург хIун ду аьлча. Царех ю Новр кIоштера Совбика.

Совбика: «Iазап а ца ловш сихха дIавалар. И ду-кх вала а ирс оьшу бохург. Цхьа цIеххьана дерг лан хала-м ду дан. делахь а бала цахьегар ду-кх коьрта».

Вала а оьшу ирс бохург ахь муха туьду аьлча СоьлжагIалин кIоштерчу Мурадата элира.

Мурадат: « Хьо мацца висна а кIел ца висча ца волу. Дуьненан хIума ду-кх. ТIехьовза хIусамнана яцахь и къиза хан хуьлу. ТIаккха сихха дIавалар и ду-кх ирс. ХIуъу дийцича а хIусамнана яцахь доьзалшна кIордаво меттахь верг.

ЦIийнда велахь доьзало цунах озалуш лелайо хIусамнана а. Цамогачунна чIогIа дика хаьа шех куьг муха Iуьтту а.шега мел даггара хьовсу а. Вала а ирс оьшу бохург и ду-кх. Вах цавалар меттахь.

«Вала а оьшу ирс» бохург геннара схьабогIуш а ,хенарчу нахана-м муххале а дика кхетош а кхетам бу бохуш ,масалш а далош дийцира цу хьокъехь дезткъара ваьллачу теркахочо Гизуев Хьусайна.

Хьусайн: «Са ца тохалуш лазар долуш,молханаш мийлош,тIадамалгаш хIиттош меттахь Iазап хьоьгучул велла дIавалар и ду-кх ирс. Хьайн гIуллакхе хьажа гIора доцуш, меттахь вах а велла Iачул ду дер-кх ирс дIавахар. Дедин бахьага хаьттинера цхьамма: « Деллахь ,хьенех,валарх кхоьру-кх со,садаларх кхоьру со».

Бахьас неIсагIа хадош дехьа а ваьлла, хаьттира боху : -Хало хиллий суна дехьа-сехьа ваьлча? Кхин хало хир яц хьуна, са ма гатдехьа. ЦIеххьана велла дIавалар ирсе лоруш ма ду вайнахалахь. Нохчаша ала мА аьлла «Ца вуьсу волчу дархочо буьйса ма яккхийла».

Дика шен меттахь аьлла ма ду и дешнаш. ХIинца царех пайдаэцар кIезиг ду. Оцу гIиллакх-Iадаташца нахана бала кIезиг хиларна ца оьцу и пайда…»

Валар-висар хьокъехь сан къамел хиллачу баккхийчу а,гIеметта хIиттинчу а нохчаша,бIокъажор доцуш цхьа цахилча ца долу могIарера гIуллакх санна кхетайора дахарехь стеган оьмар кхачаяр. Кхузара «вала а оьшу ирс» бохург цара атта кхетор а хетара тамаше.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG