ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Старовойтова Галина йийначийн кхел йоьрзуш ю


I998 шарахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин депутат лаьттина Старовойтова Галина ен тоба вовшахтохарна бехкевечу Глущенко Михаилан дов долийна Петарбухахь хатта. Иза ишта а ву нахера ницкъаша ахчанаш дахарна тоьхна 8 шо набахтехь токхуш. Глущенкос, ша Старовойтоваца цхьана парламентехь депутат а волуш ейтина зуда-политик.

Гущенкос тоьшалла дина, ша а, кхин а Петарбухахь «буьйсанийн губернатор» наха шех олуш хилла Кумарин Владимир а Старовойтова ейтинарг хиларх лаьцна. Цунна и зулам дарна 13 шо хан тохар дехна кхеле прокуроро. Кхелан сацам хила беза тIедогIучу кIиранах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG