ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъазаниг кхин а дакъаза воккху Iедало


Шаьш цIарца бийцар дехка а доьхкуш, дуккха а бахархоша мукIарло до Нохчийчохь пенсеш, бен-бен пособеш шен хеннахь нахе дIа цакхачийтар могIарера гIуллакх ду бохуш. Цара дийцарехь лакхарчу тIегIа Iедалан гIуллакхъхоша шайггара лелош а яц и тайпа хьарамлонаш.

Iедалан хьукхмат урхаллаша,къинхьегаман министаралло масала,даре а деш, 170 эзар сов стаг ву махкахь,Iедало ца догIу таIзар деш, 1944-чу шарахь къам дохийна махках дакхар бахьнехь, 390 сом пособи олу ахча оьцуш.

Кегийча берашна гIоьнна луш долу кхойтта туьмнаш оьцуш бу 400 эзар сов бахархой. Тахана коьртах а даьккхина юкъараллехь дийцаре деш ду и ахчанаш цхьаццайолчу кIошташкахь ца луш шина-кхаа батте даьхна хилар.

«Кхо бIе исс туьма,цкъадолчунна кIезиг ахча хеталахь а,-боху цхьаболчара,- 170 эзар сов стагна дIадала дезарг дагардича,баттахь миллиард сов ду. И даланза масех бутт хилар чоьте эцча иза дукха ахча хуьлу.

Пачхьалкхехь кризис хиларна ца ларало хир ду-кх Iедал бахархошна къастийнарг дIакхачо». Даггара цунах теша а тешаш,ишта хьажам бу цхьаболчеран. Ткъа цу хьокъехь алсса-м махкахошна хетарг кхин ду – уьш шек бу схьадала хьедина ахча Iедалехь болчарна шайна пайденна хьийзош-м дац те аьлла.

Царех ю Новр кIоштера Умидат а. Шена билггал ала а ца хаьа, и ца луш долу маса бутт бу бохучу тIера долийра цо цу хьокъехь шен къамел.

Умидат: «И ца луш долу биъ бутта-м хир бац,кхо бутт хир бу. шайна са йоккхуш леладой те цара аьлла суна а хета кхечарна а хета. Цара-м хьажал,бутт юьххье баьлча, шайн хенна пенси а ца ло схьа ши-кхо кIира даллалц. Туьканара хIума оьцу ахь тIе а дуьллий.

Схьаделча лаххьадой ахь декхарш дIало. ТIаккха юха схьадаллац хьо вакъа а лой а Iа-кх. Схьа стенна ца ло бохуш хьеха-м до наха а. Хьехийча хила гIоле юй схьалуш ца хилча. Хьайна ма луъу дуьйцура-м ду ахь и схьалца да-м вац. ТIе а вахна хаьттича а цу белхалоша нийсаниг схьа-м ца олу. Дуьххьала а ма дац и хьедар. Даима а ду ишта хьалла-м. Нах дIаоьду,дIаоьду олу.

ДIа ца бахча бовлий нах. Дан хIума ца хилча хIун дан деза. Цигахь маьхаза хIума ло бохуш дIауьду-кх нах. Цхьа пенси доцург а ма ву. берашна дан хIума цахиларна махках бовлу-кх. Кху сохьта а дIаоьхуш мел бу уьш?»

Нахана дIа ца кхочуьйтуш хьедина и пособеш олу ахчанаш гIуллакхехь болчара шайна са йоккхуш латтош ца хилча уьш оццул хьедойла а яцара аьлла теш ву Теркйист кIоштера пенсахо Адам а. Цунна хетарехь цкъадолчу декъана и тайпа харцонаш лелаяр бахьнехь а ца хеда кхечу пачхьалкхашка дIаоьхучу кегийрхойн тIийриг.

Адам: «Iедало схьа ца луш ма дац и ахча. Iедало схьадоуьйту ахча нахе дIа ца кхочийта шен хеннахь. Цу тIе кху Нохчийчохь 300 сом лучу хена эцца Ставропол махкахь ,масала, кхузза-доьазза сов луш ду изза ахча. ХIинца-м кхин а тIекхетта хир ду иза. Иза а,хIара Нохчийчоь а Оьрсийчохь яц? Оццул башхалла стенна ю? Суна-м ца хаьа хIара хIун ду…»

«Кавказан узел» агенталло Iорадаккхарца къинхьегаман а, дахаран хьелаш кхиоран а министараллин белхой охIла бац хадам боллуш ахчанаш хьедаран бахьнех бахархой кхио. ГIаланашкахь а, ярташкахь а ахчанаш дIалучу массо меттигашкахь,наха шаьш тоьшаллаш а деш, олуш дерг а ду кхето хала доцуш: « Маца хаац, тхайна хьан ма деллинехь, шуна дIа а лур ду».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG