Кху кIиранах кхузза Оьрсийчоьне жоп доьхуш, шайн махкара цуьнан векал Карлов Алексей шена тIевехна Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро. Цуьнга хIоразза а дина хаттар цхьаъ ду – маца соцур ю Оьрсийчоь туркойн стигалан доза шен тIеман кеманашца хедочуьра. Шема тIемалошна тIе ракеташ, бомбанаш етта лелачу оьрсийн кеманашна некъ къастош, белхан тоба билгалъяккха еза боху туркойн агIоно.
Туркошна хьашт дац и гIуллакх бахьанехь Оьрсийчоьнний, Атлантикан тIеман альянсаний юкъа дар-дацар кхолладалийта а, я Анкаранний, Кремланний юкъаметтигаш талхийта а, аьлла кхаарийдийнахь Туркойчоьнан телегойтийлашкахула цигарчу Iедалан дас ДавутогIлу Ахьмада.
Оьрсийчоьно 57-зза динчу ракетийн тохаршлахь шиъ бен дац «Исламан Пачхьалкханна» дуьхьал дина, ткъа дисинарш беккъа дIа Асад Башарца герз карахь къийсалучу тобанашна дина, элира ДавутогIлус. Оьрсийчоьно герз туху кеманаш Шема кхачош къастийна некъ шайн мехкан стигалхула беш хиларо кхерам бохьу шайн къоманна, бохурш а хеза тахана туркойн политикашлахь.