Венгрино Хорватица долу шен доза дIакъевлинчул тIаьхьа Европехь политикан тховкъело лоьхуш болу мигранташ даэха буьйлабелла Словене. Словенин полицин векло дийцарехь, Шоьтан Iуьйранна церан дозане еана тIехь мигранташ болу хьалхара автобус. Цу нахана регистраци ян дагахь ду Словенин Iедалш. Оццу хенахь цу пачхьалкхо, Балканашкара Малхбузен Европе гIерташ болчу нехан кочар сацор Iалашонца, юкъахдаьккхина Хорвате цIерпошташ лелар.
ПIераскан дийнахь Венгрино дIахьедар дира Ховатица долу доза дIакъовла шаьш аьлла. Венгрин Iедалан векло хаам бина мигранташна тховкъело йеха аьтто луш транзитан ши зона кхоьллина шаьш аьлла. Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларйечу организацеша кхайкхам бина Евроберте, кхераме а боцуш, лечкъа а цадезаш Европе кхача аьтто бе мигрантийн аьлла. Европе оьхуш болу нах бу коьртачу декъана Шемара а, ОвхIанистанера а, Африкерчу пачхьалкхашкара а. Уьш уьдуш бу шайн махкашкара ницкъ барх а, къеллах а.