ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIиндойчоьнна дуьхьал Пакистано ца леладо зарратан герз


Пакистанан премьер-министра Шариф Наваза даредина Обама Баракца еарийдийнахь хиллачу цхьаьнакхетарехь, шен пачхьалкхо леррина лардеш латтадо ша да йолу зарратан герз, иза ца хьедо луларчу ХIиндойчоьнца дуьйлучу девнашкахь, аьлла.

ХIиндошкахь а дуйла кхета шаьш иштта кхераме герз, цундела кхераме хир дара иза шаьш хьадича, бохура Шарифа. Амма шина мехкан кест-кеста хуьлучу дар-дацаршна юкъа тактикан дай зарратан герз доларна кхоьру Iамеркан Штаташ. Иза дIа а хаийтира шен къамелехь Обамас.

Дуьнено официалехь къобал ца дина Пакистанехь зарратан герз хилар, цунна саготта волчу Шариф Наваза элира, “тхоьгара герз кхераме дац тхуна зуламе боцчу мехкашна, цо зуламах юхавоккху тхан аьрха лулахо”. Оццу маьIнехь дара бриффингехь Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министра Айзаз Чаудхрис аьлларг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG