ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайгахь хаза ма ду! ...Шу стенна реза дац?


Нохчийчоь -- Чернокозоворчу набахтехь, 25Чил2015.
Нохчийчоь -- Чернокозоворчу набахтехь, 25Чил2015.

Кхушеран даздарех дукхахдерш дIахьош нисделла ГIадужу-баттахь. Кеп-кепара цIерш а, тайп-тайпана бахьанаш а дара церан. Ткъа оцу даздарша балелецна, ницкъаша ийзадо шаьш Iедало уьш билгалдохучу барамашка бохуш хеза нохчашкара. Стенна ца тов хьаькамаша берриг а махкана хIиттаден и ловзарш?

Тайп-тайпана даздарш, спортан а, синкъераме а гулам-цхьаьнакхетарш дIадахьарехь Къилбаседа Кавказера кIошташ Нохчийчоьнаца юста йогIуш ян а яц. Эзарнаш беза-баккхий хьеший а луьстуш,кхузахь сихдинна дIахьучу ловзаршца дуьстича лула –куларчу мехкашкахь долу Iар-дахаран хьелаш, тезеташ лара мегар ду. Оццул йоккху ю башхалла.

ДегIаста а,ХIирийн а, ГIалгIайн а мехкаш, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а - уьш ерраш цхьаьнатоьхча а ца хуьлу Нохчийчохь санна, нехан самукъадоккху, дуьненах баккхийбеш,бахархойн дегнаш ир-кара хIиттадо бIаьрла хиламаш.

Цу декъехь Кавказехь хьовха, ерриг а Оьрсийчохь а Нохчийчоьнаца ларалуш яц,схьагарехь, цхьа –а цхьаъ регион а. Шайн къаьмнашна дика дан сих ца луш, цигара куьйгалхой сел партал мел лела а герггарчу шерашкахь цу мехкашкара дахар Нохчийчохь санна куьце догIур ду ала а ду хала.

ХIара карахьболу ГIадужу-бутт болабелчахьана а, шовкъе чIуг етташ, кхехкаш ду кхузахь дахар. Беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна даздина кхузахь кегийрхойн,хьехархойн,Соьлжа гIалин денош.Хьасартне билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочун де а.

Цул тIаьхьа 7-чу дийнахь,доза а доцуш сий-ларам,безам,муьтIахьалла дерриг дуьненна дIаухьуш, вазвина Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. И де башхачех а башха де хилар гойтуш цу даздаршкахь дакъалаьцна пачхьалкхехь дика бевзаш болчу артисташа а. Цу синкъераме балийнера ур-атталла Италера мацах цкъа дуьненан чемпионатехь толам баккхина футболисташ а. Стигал кхалош, эзар басаршца лепош кхиссина шатлакхаш,фейерверкаш йоцуш, Путин хьомара хихкина тоьллачех тоьлла дой а.

Деса ца дахна кху беттан кхидолу денош а. Мехкан куьйгалхочун цIарх кубок къовсуш, толамхошна даккхий совгIаташ а дехкина, дIаехьна 7-гIа дуьненан юкъара турнир паргIатчу кепехь охьатохарх леташ. ХIара карахьболу гIа дужу бутт къаьстина вуно дукха даздарш,къийсадаларш,цхьаьнакхетарш дIадахьарца.

Масала кху беттан 27-чу дийнахь Соьлжа гIалахь,»Колизей» спорт-холлехь, дIахьуш ю Дуьненаюкъара 1-ра кегийрхой форум: »Кху заманан кегийрхой: таронаш а,дегайовхонаш» цIе а йолуш.

Пачхьалкхан куьйгалхочун гIовсо хакимовс хааме даккхарца цу форум декъашхо хир ву 1500 сов стаг, Iаьрбойн цхьаьнакхеттачу Эмираташкара тоба-делегаци биста кхаччалц. И сила-а долу даздарш, спортан къийсадаларш дIадахьа,тайп-тайпана гулам-форумаш цхьаьнатоха, кхечу мохк-пачхьалкхашкахь гIишлош йогIа, дуьненан маьI-маьIIерчу лазархошна гIо дан Нохчийчоьнан таронаш хиларх цецбийлина ца бовлу могIарера бахархой. Иштачех ву Соьлжа гIалара Руслан а.Мохьмад а.

Руслан: «ХIора баттахь оццул синкъерамаш хIитто а,къийсадаларш дIадахьа а ахча мичара долу хууш вац со-м. Уьш шаьш ахча деш бацахь суна-м ца хаьа. Путин вина де даздир-кх хьастагIа. Цу дийнахь ластийна боху 30 миллион сов ахча. Оццул харж тоар а доккха хIума а долуш къаьхьа де мА дара цигахь тIе мел эцна хьаша. Беккъа цхьана Италера балийнарш тоьур дара. Маьхаза баьхкина мА баций уьш а,кхиберш а…»

Мохьмад: «Барам-чот йоцуш дукха ахчанаш ду цу даздаршна хьежош. Цкъа делахь иза мичара долу ахаац, шолгIа сих-сиха и ловзарш стенна до а хаац. И хьажо дукха меттигаш мА ю кху чохь а. Доьзална напха латто таро йоцурш багабина ца валлал дукха бу махкахь.

Царна, цу мисканашна хIуьттаренна санна, ца хеддаш дIахьуш ду и самукъане хашленаш. Самукъадаккхахь! Ой нах а ца хьийцзош дахьара шаьш деш дерг! Шайна тIараш детта, бертаза цига эха декхарийла ма бехьа Iедалан белхой. Кхеран ловзаршка хьежжал зовкх хьоьгуш ду моьттур ду адам хьал ца хIуъчунна а…»

Нохчийчохь кест-кеста дIахьучу даздарийн а,тайп-тайпанчу гулам-цхьаьнакхетарийн чот-барам гойтуш терахь далийна чоьхьарчу гIуллакхийн министараллехь а. Бинчу белхан 9 беттан жамIаш деш билгалдаьккхина ницкъаллин структураша 800 гергга политикан гулам-цхьаьнакхетарш, спортан,културан хиламаш дIахьуш къепе латтийна хилар. Нохчийчохь «кхехкачу» дахаран цхьа гайтам бу аьлла хета и терахь а.

Лакхахь хьахавеллачу Оьсийчоьнан президентана Путин Владимирца дозадалла кхин цхьаъ вуно доккха спортан къийсадалар а ду нохчийн коьртачу шахьрахь дIадахьа лоьруш. Шеран тIаьххьарчу гIуран беттан 11-I4-чуй деношкахь кхузахь 5-чу Дуьненаюкъарчу турнирехь къовсуш ю Путин цIарх кубок «еза атлетика» олучу штанга айарехь. Цунна кхоьллина ю леррина комитет.

Официало дийцарехь, йиснарг цхьа бутт сов хан елахь а хIинцале цига кховча лаам гайтина I6 пачхьалкхерчу штангисташа. Цу турнирехь дакъалоцур ду нохчийн шина атлето а Малигов Адама а,Могушков Чингиза а боху Iедалан хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG